ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нийса дуй Кадыровс нах лаамза шена тIекхийлар?

Нохчийчохь харцонаш лела, кхаьънаш ийдо хьаькамаша, алапех дакъош сецадо мехкан хьашташна оьшу бохуш, Кадыров Рамзана моттаргIанаш лелайо шен балха тIехь, мисканийн цунна бала а бац, спортхой, иллиалархой бен бац сийлаллехь, аьлла, ватсапехула йистхилла зуда сихха схьакарийра низамхошна.

Кадыровна тIейигинчу цо ша галъяьлла, доцург дийцина аьлла, къинтIера ваьккхира мехкан куьйгалхо. Амма Нохчийчоьнан дуккха а меттигашкахь гуламаш хIиттийна Кадыровх лаьцна хетарг аьлла зуда (Инаева Iайшат) емалъеш.

Цуьнца дузу Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар. Муха хета шуна, нийса дуй шайна цатовриг телефонехула я интернетехула аьлларш дIа а лехьош, цаьрга Нохчийчоьнан куьйгалхоша бартхаттар, царна тIехь гIелояр? ДогIий иза низамашца я нохчийн Iадаташца?

Жоп дала луучарна - тхан телефонаш.

Прагица зIене волуш: + 4 20 72 40 1 8 32

Горгали баийтинчул тIаьхьа, охьайилла а тарло телефон, тхаьш девр ду тхо дуьхьал зΙене.

СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 92 6 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 4 20 72 40 19 8 32

Шайна хетачух лаций язде тхан сайте а: radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG