ТIекхочийла долу линкаш

Дахар мел хала делахь а, бух болуш а, боцуш а беш болу тIеIаткъам лан атта дацахь а,"тIом ца хилчхьана" бохучу хьоле баьхна тахана махкара нохчий.

ХIайттархой Iедалехь берш а болуш, махкахь шуьйра гIара а долуш, зевне хиламаш тергалло юкъ-кара Нохчийчохь.

Массара а нажжаз деш, масех кIирнах дийцаре деш лаьттина кхузахь Шелан а, Курчалойн а кIошташкахь зиярташ сийсаздан гIортар.

Куьг бехке лоручарна наьIалташ кхайкхоран мур дIаберзарций хаза нехан санна йоккха гIовгIа яьккхина Теркйист кIоштерчу яхархочо социалан машанах пайда а оьцуш, мехкан куьйгалхочуьнга мохь-цIогIанца орца дехаро.

Балхара йохаяр биста кхаччалц тIеIаткъам а бина,цунна эшам хиллехь а, дестийна ала хьашто а йоцуш,тахана вайнахалахь и зуда-турпалхо санна тIеоьцуш ю. Цо дина къамел тIетаьIIина дийцаре деш ду бахархошлахь.

Ватсап-зIенехула юкъаметтигаш а къестош, цхьаберш теркахошна луьйшший, вуьйш декхарийла ца биса гIерташ, чоьхьарчарна луьйшший, къардайна хьийзаш бу къаьсттина зударий.

Цкъацкъа, тIех шовкъе, чуьра а буьйлуш, шайн дог-ойла дика билгальяккхархьама, цара шайна могуьйту оьзда доцу, маьттаза дешнаш хазош, боьху мотт бийцар а.

Доцца аьлча кху деношкахь мукъа яц, нохчашлахь ма-аллара, ватсап, напсат зIенаш. Цу чухула гIардаьккхина Ножай-зюьртан кIоштехь цхьана цергийн лоьро лечу хьолтIа яллалц шена зудчунна таска тохар а.

Оцу зудчунна тIехь дабагIа динарг бено ву цунна Iедало кIадда а дийр дац бохуш, ватсап чухула къамел дина ши зуда а, мила ю а хиъна, дIа а йигна, кхетош-кхиийна урхаллехь болчара.

Ишта кхетош нийсонан хорше верзийна Путин хьостуш дош ала хьекъал ца кхаьчна Курчалойн кIоштера цхьа жима къонах а. Ма-дарра аьлча Iедалхоша,шайна ца товриг хазийна бохуш, бахархой сеца а беш,царна барт-хаттам бар бахьнехь мелхо а алс амдаьлла наха, шайн дог-ойла йовзуьйтуш, интернет зIенах пайдаэцар.

Цу чухула шайн хьажам-хетарг Iорадоккхуш каде хьийзачу бахархойн лорх кхиъна бевр буй те маьхкIамхой?

Нехан батош юкъа Iалашо хIоттийча санна и хIумнаш стенна леладо те Iедалехь болчара? И беламе, кхардаме хIума дуй ца хаьа те царна? Цу могIарерчу хеттаршна жоьпаш лоьхуш бу кху некъехь дукха нохчий.

Дешан маршо йоьхкуш, цунна буржалш тоха хьайча санна, Iедалдайн хьасартне хьийзар, цхьа могIарера,кIадбоццу хIума долчуха тергамза а дитина, Нохчийчохь тIом цахиларна баккхийбеш, далла хастамаш бечийн тоба а яц жима.

Цуьнан агIончашна хетарехь шайгахь долчу таханлерчу дийнан хам-пусар дан цахаар а,цалаар а, махкахь лаьттина селханлера къематде дицдар а ду схьагуш долу сурт.

ТIом ца хилчахьана кхидерг магийта деза аьлла ойла кхобучех ю соьлжа гIалара Мелижа.

Мелижа: «Хьалха кхузахь хилларг, хIинца Украинехь, Сирехь дерг дицделла догIу моьтту суна цхьаболчарна. Уьш вовшахъхIитта йоьлча, суна а, кхечунна а дазло вуно чIогIа. Дала генахь кхобийла и эрчонаш.

Дала цхьацца бахьанашца рицкъ луш, хене даьккхира къам. Нохчийн къам халонаш лан а, эшо а Iемина къам ду, Сибрехахь яьккхинчу хено а чIагIдина халкъ.

Цундела цхьа гIеххьа долу хIума тар а долуьйтуш, лан а ловш, тIом цахиларна Далла хастам а беш, са а тоьхна IадIа дезара. Собар цахилар а хала ма дуй.

Уггар коьртаниг тIом цахилар ду. Дала и юха ма гойтийла цхьана дена а!».

Цхьаболчу тергамхошна а гергахь,йоккха башхалла йоцуш,вовшах тера детталуш ду Оьрсийчуьра а, Нохчийчуьра а хьелаш а,могIарерчу бахархошна хетарш а.

Муьлххачу а къоман хилар башхалла а йоцуш, дукхахболчара олург изза ду - коьртаниг тIом ца хилчахьана, кхидергга-м хала дацара.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG