ТIекхочийла долу линкаш

Ходорковскийн гонан цIенойх талламаш бина


Оьрсийчуьра талламчаш хьаьвсина Путинна дуьхьаллаьттачу политикан-оппозиционеран Ходороковский Михаилан гонан цIенойх. Зераш дIахьо цара Ходорковскийс кхоьллинчу «Йиллина Оьрсийчоь» олучу сагIадаран фондан белхахойн хIусамашкахь.

ЦIенойх хьуьйсучу талламчаша бахьана дузу цхьа хан хьалха Ходорковскийс дина бохучу зуламашна дуьхьал деношкахь бехкталламан гIуллакх айдарца. Адвокато Бадамшин Сергейс бечу хаамца, «Йиллина Оьрсийчоь» юкъараллерчу 7 белхахочун хIусам теллина низамхоша шинарийдийнахь. 10 шарахь набахтехь кхаьбначул тIаьхьа Путин Владимира къинхетамбина волу Ходорковский арахецна дукха хан а ялале нисделла, цо цхьа хан хьалха массех стаг вен арабаьккхина зуламаш деш лелла цуьнан го, талламчаша хIинца бахар.

Керла дов Ходорковскийна дуьхьал айдар цо шена йина критика Путинна цатар ду, аьлла хета тергамчашна. Путина хIаллакъеш ю Оьрсийчоь, цигахь карчам хила беза, Iедал революцино харца деза, элира Ходорковский Михаила иттех де хьалха Лондонехь ша хIоттийначу пресс-конференцехь.

XS
SM
MD
LG