ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара тIемаш марсабуьйлу


Иракъерчу Iедалан ницкъийн векалша бинчу хаамца, шинарийдийнахь пачхьалкхан дакъош тIемашкахь дара ДАIИШ-ан тобанашца Рамади-гIалахь. Къовсамехь ю цигара Iедалан комплекс. Иракъан контр-терроран урхаллан векала ал-Нумани Сабахьа бахарехь, пачхьалкхан эскаршна гIодеш Iамеркан кеманаш а ду.

Бутт гергга хан ю БагIдадал тIаьхьа махкахь шолгIа йолу Рамади-гIала ДАIИШ-ера якхха эскарш гIерта. Анбар провинцин и шахьар юьйжира, аьлча а, жихIадхойн караяхара кхушеран бIаьста.

Рамадина юккъехь лаьттачу Iедалан хIусамаш чуьра Иракъан ницкъашна дуьхьаллаттарг ву 300 гергга ДАIИШ-хо, хаамбина ал-Нумани Сабахьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG