ТIекхочийла долу линкаш

Дукха хан яц «Оьрсийн дуьне» олуш долу и хIума Оьрсийчоьнан Iедалша юккъедаьккхина. Кремль, ша цуьнах дIа мел къестарх а, цуьнан куьг а, Iаткъам бен, кхидолу тоьшаллаш а го, тIаьххьарчу 20 сов шо хьалха, Советан пачхьалкхан юккъахь хиллачу мехкашкара конфликташкахь. Царах цхьа а йирзина а яц, муьлхачу а хенахь, юха а лата кийча а ю. Масех де хьалха, Ломанан Карабахехь а тIеман тасадалар хиллера, 13 стаг вен а вуьйш, 30-х лаза а веш. И конфликт а ю, лакхахь юьйцучарех цхьаъ.

«Оьрсийн дуьне» олучу дешан а идеян бухбиллархо граф Уваров ву олу, кхечу хьосташа-инарла Черняев лору. Цуьнан боцца чулацам бу-"оьрсийн мотт хьо буьйцуш валахь, хьо оьрсий ву".

Таханалерачу политикехь, оцу «Оьрсийн дуьненна» идея юха а айинарг лору Сурков Владислав. Тамашийна далахь а, амма, цIийца цIена боцу нахах онда патриоташ хуьлу, бен дац оьрсийн а, я нохчийн балахь а.

Тахана, «Оьрсийн дуьне» даржа дезачу мехкашкахь, кIезга бисна шаьш оьрсийн бахархой. Уьш алсам хилар ду, коьрта оьшург, и идея яьржийта а, кхио а. Долчу лараршца Совета пачхьалкх йоьхча, Оьрсийчоьнан дозанелла арахь бисинера 25 миллион оьрсий. Тахана, и терахь лахделла 16 миллионан тIекхаччалца. Ткъа, геннарчу пачхьалкхашкахь дIаихинчеран терахь лакхадаьлла 10 миллионе кхаччалца.

«Оьрсийн дуьне» бохучу идеян ши агIо ю: дика а вуо а, аьлла Маршо радиога дийцира нохчийн политолога Эльсункаев Надирсолтас.

И шоллогIа агIо, политологан Эльсункаев Надирсолтан хетарехь, чIогIа кхераме ю, дуьххьара ша Оьрсийчоьнна.

Нохчийчуьра оьрсийн мотт буьйцуш болу бахархой, уггаре а уьш дукха болчу хенахь а, бацара бухахь долчу къомаца дIаийна. ГIаланашкахь, нохчийн шай ненан мотт Iамо аьтто ца лора Iедалша. Ура-аттала, юккъараллийн транспортаца а, воьдуш-вогIуш, оьрсийшкара тIехтохам боцуш ненан мотт бийца йиша яцара. Ткъа, хIинца, и «Оьрсийн дуьне» даржадан лууш далахь, цуьнан дика агIонаш хьалхаяха еза. Бухара къаьмнаш вахь а таIош, церан ламасташна а, меттанашна а эшам хира балахь, и хIума хуьлуьйтура ду аьлла ца хета политологан Эльсункаев Надирсолтан.

Азера а, Кавказера а, Прибалтикера а Совета пачхаьлкхан юккъахь хиллачу республикашкахь тахана дукха ца бисна оьрсийн бахархой. Церан терахьаш лоруш бина талламаш а бу. ГIеххьа лахделла иза. Москохахь, мел лаарх, уьш цига юхаберзахь а тамаш бу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG