ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболе геннара бIаьргбетта бен ца дисина


ТIаьхьарчу беттанашкахь футболан дуьненахь коррупцин скандал иккхина

Дуьненаюкъарчу футболан федерацехь коррупци леларца йоьзначу скандалан рогIера голатохаргIардаьлла кху деношкахь.

Кхаьънаш ийдарна шеконе лаьцна волу федерацин куьйгалхочун Блаттер Йозефна а, цуьнан уллорчу накъостана Платини Мишелна а бархI шаранна футболехь болх бар дихкина.

Кху деношкахь ФИФА футболан федерацин арбитражан кхело сацам бина, 40 шарахь цу федерацехь болх бина а, ткъа тIаьхьарчу 18 шарахь цуьнан президент хилла волу Блаттер Йозеф а, цуьнца цхьаьна Европерчу футболан ассоциацин, шех доцца УЕФА олучу, куьйгалхо Платини Мишел а гергарчу бархI шаранна футболана генаваккха.

И бохург ду, и шиъ бархI шарахь цхьанна а кепара футболаца боьзна болх, хуьлда иза мехаза я мах луш, бан бакъо йолуш хир вац, я футболан эксперташ санна цхьанна а меттехь, шаьш бехачу пачхьалкхашкахь я дуьненаюкъарчу институцешкахь, ур-аталла хаамийн гIирсашкахь а, жигара хила йиш йолуш а хир вац бохург.

Цу бехкамал совнаха, Блаттерна тIедожийна 50 эзар швейцархойн франк гIуда такхар, ткъа Платинина – 80 эзар.

И кхелан сацам тIеэцаран бахьана тIаьхьарчу беттанашкахь футболан дуьненахь иккхинчу коррупцин скандалаца йоьзна йолу цхьана эпизод ю.

2011-чу шарахь, ФИФАН этикца йолчу комитето чIагIдарехь, Блаттер Йозефа Платинин чота тIе 2 миллион швейцархойн франк тессина хилла. И ахча стенна, хIун болх барна я мича хьуьнаршна дуьхьал делла дара бохург кхоччучу барамехь дийца ца делира ФИФА-н президент хиллачу Блаттере.

Цо ша Платинина делларг цо бинчу балхана алапа санна ахча дара, иза цунна лург хилар шаьш хьалхехь дуьйна багахь дийцаре дина дара, документацешкахула и алапа лург хилар тIечIагIдина ца хиллехь а, бохуш, яхкийна кийтарлонаш тоъалла тешаме ца лерина футболан федерацин этиках йолчу комитетан арбитражан комиссино.

Нагахь санна шех футболан дуьненахь Зепп олуш волчу, цкъа футболхо хьовха, я спортхо а ца хиллачу Блаттер Йозефан цIе дукхахенахь дуьйна коррупци бохучу дашца цхьаьна ялор цхьанна а тамашийна ца хеталахь, футболйезархошна вуно цатомехь ду, дуьненчохь уггаре а ша-башхачех, уггаре а цIеяхначех буьркахловзархо хилла волу Платини Мишел коррупцица воьзна хилар.

1987-чу шарахь дуьйна кхин ловзуш воцу Платини, футболйезачара дийцарехь, таханналца дуьненчохь цхьаъ бен воцу футболхо ву, кхаа шарахь тIекIел Европин тоьллачу футболхочунна санна „Дашо буьрка“ совгIат шена делла волу.

Цуьнан тIаьхьарлера матч, шега хьовса баьхкина дуьненан уггаре а баккхий футболхой а болуш, цецвийларца а, воккхаверца а тергал вина ву цу хенахь Соьлжа-ГIаларчу Терка тобанехь ловзуш хилла волу Сатуев Адам. Цо иштта дагалуьйцу тахана кхаьънаш ийдарца йоьзна шеконаш бахьана долу сий дайначу Платинин хьуьнарш.

Сатуев: „Сайна хетарг эр ду ас Платинин хьокъехь. Дуьненчохь гIарваьлла футболхо вара иза, цуьнан цIе массо а маьIIехь екаш яра. Иза тергалвечу хенахь, делахь ма говза ловзайо цуо и буьрк, ма доккха похIма делла цунна Дала бохуш Iара со.

Со цу хенахь къона вара, сан накъостий а, со а воккхавер цуьнан ловзарх. Иза футболера дIаволучу хенахь цуьнан тIаьххьара ловзаре хьийжира со, вуно говза футболхо вара иза. Йоккхачу футболера дIа а ваьлла, шех хьукматхо хилча мал луш хир ву-кх стаг.

Я иза цхьана хIумнах Iехавеллехь а, я цхьана системина юккъе иза озавеллехь а, я иза цу юккъе вахале цигахь лелаш хилла долу хIумнаш цуо тIеэцнехь а“.

ФИФА футболан федерацин арбитражан кхелан сацам хIинцале нуьцкъале бирзина. Бакъду, Блаттеран а, Платинин а бакъо ю спортан Лакхарчу арбитраже апелляци ян.

Цу юкъана Оьрсийчуьчу футболан федерацин куьйгалло шен догмовла ялар довзийтина, Блаттеран а, Платинин а хьокъехь футболан федерацино бинчу сацамах.

Цу федерацин куьйгалхо хилла ца Iаш, Оьрсийчоьнан спортан министр волчу Мутко Виталийс оьрсийн Р-Спорт агенталле элира цу хьокъехь, шегарчу хааршца, цу шинна дуьхьал сел шога сацам тIеэца бахьана дацара, аьлла.

„Европерчу футболана а вуо ду иза, Платини УЕФАн куьйгалхо ма вара. Ткъа Блаттер а хьакъ вацара цу кепара футболера дIаваха“, - элира Муткос.

Ала догIу, дуьненаюкъарчу футболан федерацехь масех бутт хьалха коррупцица йоьза IалагIож иккхича дуьйна схьа Оьрсийчоьнан куьйгалла а, цигара спортан хьукматхой а Блаттерехь гIодоккхуш хилар.

Ткъа Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шен хьастагIа хиллачу хIорашарахьлерчу пресс-конференцехь Блаттер Йозефна Нобелан совгIат дала догIу элира, цо футболан кхиамашна а, дуьненан гуманитаран сферина а динчу диканашна.

XS
SM
MD
LG