ТIекхочийла долу линкаш

Рамади къуьйсуш ю Iедалан эскарший, жихIадхоший


Иракъан эскаршкарчу буьйранчех цхьамма, ал-ГIанеми Османа, хаам баржийна дуьненан агенталлашкахула. Цо бахарехь, массех де бен ца оьшу Iедалан ницкъашна ДАIИШ-ера Рамади гIала юьззина дIаяккха.

Массех де ду БагIдаде боьдучу новкъахь, цунна 100 чаккхарма юьстах лаьтта, стратегикаллехь вуно мехала ларало меттиг – Рамади – Iедалан эскарший, жихIадхоший къуьйсу. Рамади Иракъан Iедало шен караэцахь, иза шолгIа йоккха гIала хир ю кху муьрехь ДАIИШ-ах мукъайоккхуш.

XS
SM
MD
LG