ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалахь фармацевтин хьукмат йилла йолор ю кеста


Йозуш йоцчу Нохчийчуьра Iедал дохош Кремло бина тIемаш бирзичхьана йийбар, гIирс бен инфраструктура йоцуш лаьттачу Соьлж-ГIалахь, 1000 вахархочунна белхан меттиг а луш, молханаш ден фармацевтин хьукмат йилла йолор ю кеста.

И хаам баржийна мехкан шахьаран мэрино. Хинйолчу хьукматна бух буьллучу барамехь хилира мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, немцойн "Хайнеман медицинтекник" компанин куьйгалхо Шпильнер Франк а.

Болх бан йолаелча оцу хьукмато ах миллиард молханан ботт арахоьцуш хир ю шарахь, аьлла бу Нохчийчуьра кхаьчна хаам.

XS
SM
MD
LG