ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шахьарара сагIанаш массанхьа а ца кхочу


Мохьаммад-Пайхамаран вина Де даздеш дуккха а барамаш дIабаьхьна Нохчийчоь

Кху тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь комаьршша даздеш ду Пайхамар (Д.С.М.) вина де. Цу ламастана нацкъар ца дисна карара шо а.

И де кхерамазаллин лаккхарчу тIегIанахь дIадахьарна тIехьажийна кху ГIуран-беттан 21-чу дийнахь дуьйна чIагIдинчу хьелашкахь болх беш ю чоьхьарчу гIуллакхийн министаралла.

Цу дийнан сий-лерамна эзар сов хилам-цхьаьнакхетарш дIадахьа лоьруш бу меттигера Iедалхой, гIийла-мискачарна гIо дарна тIера, сагIанаш дохуш,мовлдаш дешийтар, зуькарш дар биста кхаччалц.

Цу даздаршна кечамаш бечу юкъана а, и даздарш дIахьуш а олалла деш синтеме хьал хилийтархьама, полисхойн министран гIовс коьртехь а волуш, леррина кхоьллина ю сихаллин- самонан штаб. КIошташкахь,ярташкахь, массо маьждигашкахь Пайхамар хестош, цуьнан кхоллараллин дахар карладоккхуш дIадехьна цхьаьнакхетарш а, эзарнашкахь салаваташ дахкар а, мовлдаш дешар а.

Бакъду, цу даздарех боьзна коьрта хиламаш дIабехьна Соьлжа-гIалин доккхачу маьждигехь. ГIаланийн, кIоштийн, яртийн куьйгалхой тIахъаьлла хьовзар бахьнехь 22-чу дийнан буьйсанна «Нохчийчоьнан дог» цIе йолчу маьждиге дIаоьзна эзарниш адам.

Бахархоша цигахь жIамIатехь дина 23-чу дийнан Iуьйран ламаз. Гуттар санна «шайн лаамехь» дIа а гулбелла буьйса текхначарлахь хилла ур-аттал Iедалан балхахь болу зударий а.

Делахь а сатасале, ламаз хан герга кхача йоьлча, уьш мелла а хьалха мукъабовлийтина.

Лерамечу везачу хьеше санна, бусалбан дино магочу, къобалдечу дезачу деношкахь къаьсттина дегайовхонца сатуьйсу гIийла бохкучу бахархоша.

Стенна аьлча кху тIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчохь зеделла хIума ду де эшначу нахана дама-шекарца а, жижигца а, ахчанца а гIодар. Бахархой дегайовха бу Пайхамар вина де(Д.С.М.) тIехдаьллачул тIаьхьа а, Iедало эшамехь болчеран жимма бина а аьтто бан там бу аьлла.

СагIанаш дохуш, кхачанан сурсаташ доькъуш телевизионехь гойтуш хиллехь а, 23-чу дийнан делкъал тIаьхьа, малхбузан ламазан хан герга кхочуш а и къинхетаме комаьршалла кхачаза яра Новр,Теркйист кIошташка масала. ХIара къамелаш хазош берш Новр гIалара бахархой бу.

КIезига а таронаш йолчу могIарерчу наха Пайхамар винчу дийнан сий-лерамна(Д.С.М.) сагIанаш а даьхна, мовлдаш а дешийтина. Мел гIаддайнарг а ца Iийна кампет елла а сагIийна хIума ца кховдош. Иштачех ю Теркйист кIоштера Зулай а.

Зулай: «Селхана дуьйна сагIийна хIума луш, салаваташ дохкуш хьийзаш ду-кх тхо. Сайн гIийлачу тароне хьаьжжина кампет хIума мерза хIума дIаса-ма екъна ас. Луш Iаш а ю, Дала мукъалахь.»

Телевизионехь гайта а гойтуш дIасадоькъуш сагIанаш хилча, шайна а дакъа кхачаре сатесна Iийна дуккха а миска бохку бахархой. Царех ву аса юьззина цIе ца йоккхуш вуьту къано а . Цо а хадам боллуш даре дира нахана гIоьнна хIума еккъа цахиларан.

Къано: «Суна-м ца елла цхьа хIума а. Суна дага а догIуш кху иттех шарахь шозза елла-кх суна,кхи-м ца елла.Телевизионехь гойтушша-м дара дIасайоькъуш. Нахана ма хаъхьара шаьш лелориг бохуш Iаш бу уьшша-м…»

Iедалдайша хьалххехь дуьйна тIех дика кечам а бина, лаккхарчу жигараллица билгалдаьккхина Пайхамар вина (Д.С.М.) рогIера де.

И вазвар кхиамца дIадерзарх кхаъ хилла беха миска пекъарш дегайовха бу, Iедалхой цIарна а доцуш, бала а кхаьчна, шайна тIехIуьттуш де догIур ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG