ТIекхочийла долу линкаш

Туркошца бинчу берта юкъара яьлла Орьсийчоь


Бахамах, йохк-эцарх бехктакхамаллах дозу гIуллакхаш вовшийн хьашташка хьаьжжина талла а, листа а туркошца I997-чу шарахь бинчу берта юкъара яьлла Оьрсийчоь. Оцу хьокъехь дIахьедина шен сайтIа тIехь пачхьалкхан Iедалан кабинето.

Сацам къобалбина, аьлла ду, арахьарчу гIуллакхийн министралло а, Инарла Прокуратурано а, Талламан комитето а. Кхо кIира хьалха туркоша шайн стиглахь оьрсийн тIеман кема дохийчхьана дуьйна эгIна йогIу шина пачхьалкхан юкъаметтигаш.

Бинчу сацамца доьзна дагадоуьйту Маршо Радионо Туркойчохь стохка а, кхушара а ткъеха нохчо бевзачу а, бовзазчу а наха вийна хилар а, царех цхьадолу зуламаш Оьрсийчоьнан Iедал резадоцчу мухIажиршна дуьхьал дина хилар а, ларш, Туркойчоьнан талламчаша бахарехь, Оьрсийчоьнехьа кхочуш хилар а.

XS
SM
MD
LG