ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетехь терроран талоралла бакъдарна ши шо хан тоьхна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна


Къилбаседа Кавказан тIеман кхело ши шо кхайкхийна набахтехь даккха ГIалгIайчуьрчу, цкъачунна цIарца вуьйцуш воцчу вахархочунна, цо интернетехь терроран талоралла бакъдарна, хаамбина къайлахчу сервисан, ФСБ-н, пресс-секретариато. Одноклассники-ру машехь кхоьллинчу «Тахьид ГIалгIайчоь» цIейолчу агIонтIехь къадийна хилла жимчу стага шен ойланаш. Кхелехь бехк буьззина тIе а эцна цо, ФСБ-но бахарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG