ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн мехкдаьтта лур дуй-те нохчашка?


«Роснефт» компанин доларчу Нохчийчуьрчу мехкдаьттан активийн дакъа махкарчу Iедале дIаялар дийцаредеш ю Оьрсийчоьнан министрийн кабинет, аьлла, хьалхо баьржина хилла хаам бакъбина президентан Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Хьалхо Нохчийчоьнан администраторо Кадыров Рамзана дехнера Путине «Роснефтан» долара а даьккхина, мехкдаьттан цхьа дакъа мехкан доладерзор.

ХIинца, Песковс бахарехь, активаш «Чеченнефтехим» олучу нохчийчуьрчу мехкдаьттан компанин караяла тарло. Хаам баржийнарш ю цхьамогIа Оьрсийчуьра агенталлаш.

XS
SM
MD
LG