ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIедогIучу шеран бюджет хIоттийна Украинано


Дуьненаюкъарчу валютан фондо ша декхаре ечу кепехь, шена цо лург ахча латтор долуш хIоттийна Украинано тIедогIучу шеран бюджет. Ял яккхаран хьесапаш хуьйцуш, нахана белхаш латточу компанешна аьттонаш а беш кечдина йолан низамаш парламенто.

Томканах, ягочух, корта бахочу маларх схьаоьцу акцизаш язлур ю тIедогIучу шарахь. Йолан низам баккхийчу къовсамашкахь дийцаредира Украинан Радано, ишта а халачу хьелашкахь беха нах, ткъа хьалхачул а сов естош ю цаьргара оьцунйолу ял, бохура цхьаболчу депутаташа. Амма Дуьненаюкъарчу валютан фондо 17 миллиард ах миллиард доллар гулдендолу бюджет хIотто декхаре йинера Украина.

Бюджет пачхьалкхийн юкъарлоно ма-доьхху тIеэцнехь а, юкъ-кара нахера оьцу ял лах а еш болхбийр бу пачхьалкхо, боху Украинан куьйгалхоша шаьш бюджет тIеэцарца халкъе динчу дIахьедарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG