ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла премьер-министр ву Гуьржийчоьнан


Шайн мехкан премьер-министран дарже арахьарчу гIуллакхийн министр Квирикашвили Георгий хьалхататта сацамбинера “Гуьржийн сатийсам” олучу Гуьржийчуьрчу партийн коалицино еарийдийнахь. ПIераскана 48 шо долу иза тIечIагвина Iедалан кабинетан коьртехь. Квирикашвили хаьржина веа кандидаташлара, оцу даржера Гарибашвили Ираклий дIаваларца доьзна.

Кхаарийдийнахь ша дарж дуьтуш Гарибашвилис элира, “балхара мукъавалахь а, со тешаме бIаьхо вуьсу Гуьржийчоьнна”. Парламентан кулуарашкахь дуьйцу, Гарибашвили тIебогIучу гуьржийн президентан харжамашкахь мехкан лаккхара дарж къовса дангахь ву бохуш.

Керла премьер-министр Квирикашвили Георгий мехкан арахьарчу гIуллакхийн министран гIентахь Iийра кхаа баттахь, цул хьалха иза вара экономикан министран даржехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG