ТIекхочийла долу линкаш

Маршо Радион рогIерчу хаттарна дахкийтина жоьпаш

Алссам кехаташ, смс-хаамаш баьхкира тхоьга кху кIиранах. Коьрта бахьана дара махкара хиламаш.

Ватсапехула шега махкахойн хьашташна тергонехь хилахьара, церан коммуналан ял охьайилла таро йоццушехь, уьш хьийзош бу аьлла йистхилла Теркйистерчу Iела-Юьртара Инаева Iайшта а, цуьнан цIийнда а шена тIе а даладайтина, церан юьхь ехира Кадыров Рамзана, тIе телекамераш а хьовсийна.

Уьш а, церан гергарнаш а емалбира Iедалхоша а, царна гергабахначу молланаша а

И сурт ца тайна Кадыровга дIахьедарш дира махкарчу а, цул арахьарчу а нохчаша

Оцу хьолаца доьзна хIоттийра шен кIиранан хаттар Маршо Радионо

Муха хета шуна, нийса дуй шайна цатовриг телефонехула я интернетехула аьлларш дIа а лехьош, цаьрга Нохчийчоьнан куьйгалхоша бартхаттар, царна тIехь гIелояр?

Ишта ду жоьпаш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG