ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь даржийра, «Чеченефтехимпром» цIе йолу индустриалан цхьанатохаралла Нохчийчоьнан дола дIалура ю аьлла. Амма, пIераскан дийнахь, Кремло дIахьедар дина, и хаттар дийцарехь бен дац аьлла

«Чеченнефтехимпром» цхьаьнатохаралла Нохчийчоьнан дола яла Оьрсийн президент Путин Владимир реза хилла аьлла, кху кIирнахь гIарадаьккхира хаамийн гIирсашкахь. Цуьнга и дехар динера жимма хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И хаам бакъ хилар даре дира Оьрсийчоьнан экономика кхиоран министралло а.

Амма пIераскандийнахь, Iуьйрана оцу хьокъехь кхин цхьа а хаам баьржира. Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретара Песков Дмитрийс дIахьедар дира, «Чеченнефтехимпром» дIаялар сацам цкъачуьнна бина бац, и гIуллакх дийцаре бен деш дац аьлла. Пескован багара долу бакъдерг ду боху дешнаш, цкъа а цхьана агIора тида йиша йоцун дела, цуьнан маьIанах кхета хала ду.

Амма, мухха а далахь а, деххачу шерашкахь Нохчийчоьнан Iедалш, шай аьтто болучу хенахь, тIехтохам санна тидам бо, республикехь схьа мел доккхучу мехкадаьттах боккха пайда шайна хуьлуш бац, иза шайга дола даькхитича, дика хира дара олий. Ткъа, «Чеченнефтехимпром» караерзо гIортар а болчух тера ду оцу декъера лаам.

Ша «Чеченнефтехимпром» хIун ю? Цуьнан мехкдаьтта доккхучу комплексехь хIун Iалашо а, хIун пайда а бу, дийцира Маршо радиога нохчийн политика, историйн Iилманан доктора Ахмадов Явуса. Тидам бан беза, ша историк валахь а, мехкадаьттан комплексах долу хIума кхоччуш хууш волу говзанча ву иза.

«Чеченнефтехимпром» шайн дола схьало бохучу нохчашна, иза тIехь лаьтташ долу латта ду оьшуш. Цигахь, аккумуляторш еш йолу завод ян корейхошца бина барт бу. Ткъа, оцу цхьанатохаралло ша шена беш болу пайда а, вонуо кIезга бу аьлла кхин дIа а дийцира Ахмадов Явуса.

Нохчийчоьнан мехкадаьттан долаллийн коьрта пакет «Роснефть» компанигахь ю. Нохчийчоьнехь 49 процент бен яц. Цундела, хIинцалца оцу маьIднах хуьлуш болу пайда республикан уллехула болуш бара. Цул совнах, оцу компанино кхин дIа а, толлуш а, лохуш а яц, мехкадаьтта долу меттигаш. ХIинцалца мехкадаьтта схьадаьккхина меттигаш дIакъовлуш ю. Оцу хIумано кхана-лама экологина зе дийра ду, бохуш дуьйцу эксперта Ахмадов Явуса.

Нохчийчуьра луьрчу тIемийн цхьадолчу бахьнехь, юккъараллехь хета-мехкдаьтта. Тахана а цуьнах тешаш дуккха а нах бу. Иза мел бакъ ду, олийла дац, амма, и Iаьржа деши махкара дIаоьзна а, дIаузуш а ду иттанаш миллионийн тоннашкахь. ТIемаш жигар боьлхучу хенахь а цхьана денна а сацийна бацара и болх. Кхиъ, лаьттан бухахь а дисина ду шортта аьлла, билгалдаьккхира Ахмадов Явуса.

«Чеченнефтехимпром» цуьнах кхин боккха пайда схьаболуш ца хилча а, мехкадаьттан мах вахьбоьжна а хилча, схьагарехь Нохчийчоьнна дIаяла мега Кремло. Амма, кIезга бац эксперташна юккъахь, Кремл, аьрха лоруш долу къам, я дуза а ца дузуьйтуш, я чIогIа мац а ца долуьйтуш латтийча, муьтIахь хилар шега эцалург хиларх тешна ю бохурш а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG