ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIакхоьссинчу рицкъанах а хуьлу хайра


Ярташкара урамаш, бай-аренаш цIена латторехь доккха гIо хиларал сов, цхьаболчу таро йоцчу  бахархошна шатайпа накъосталла а хуьлу цхьана метте нехаш дIагульярх

Нохчийн массо ярташкахь билгальяьхна меттигаш ю нехаш охьаюхкуш. Ярташкара урамаш, бай-аренаш цIена латторехь доккха гIо хиларал сов, цхьаболчу таро йоцчу бахархошна шатайпа накъосталла а хуьлу цхьана метте нехаш дIагульярх

Кху тIаьххьарчу масех шарчохь бIаьргана ган а, цIано хиларна хаъал битаме яьхкина го нохчийн ярташ: хинан бердаш, некъан а, хьаннийн а йистош, урам –майданаш, Iаламан тийналле лан а доьгIуш, садаIа там болу меттигаш а.

Цунна бахьна ду баттахь мосуьйттаза а Iедалан балхахь болчу бахархоша, чIурам тIоьрмигаш кара а оьций, буц-аренаш къарзйина лаьтта дуьнентIе мел йолу нехаш схьагульеш хилар.

Бакъду, Нохчийчохь, лула-кула мехкашкахьчул а, некъан йистош, бай-аренаш, воьдуш-вогIуш цIена гар, коьртачех кхин цхьа бахьна а ду, схьагарехь. Кхузахь хIора юьртахь билгальяьхна меттигаш ю нехаш-кхаьллий, тишьелла, цIентIехь ца оьшу йийбар-бедарш, кхийолу тIелхиг евлла хIумнаш дIакхуьссуш: бахархоша хьашт йоцу хIумнаш чу а юхкий тIоьрмиг-галеш ураме а дохий, некъаца охьадохку, кIирнах шина-кхана дийнахь, урамашкахула чекхбуьйлучу белхоша, трактор,тракторш тIе а юттуш, юьртана нацкъара къастийначу метте дIакхачайо.

Ишта цхьана нех-кхаьллийн оьланаш ала, баьрзнаш-херцораш ала кхарах хаац, нехаш дIакхуьссучу меттехь ву со кху сохьта. ХIара бахам болу юрт, кIошт йийцар маьIне ду аьлла цахетарна, билггалчу цIарца ца юьйцу ас хIара йолу меттиг.

Кхузахь гонах йина керт ю, догIа тухуш ков а долуш,керт йоцчохь тесса харш ду, шайн лаамехь тIе а оьхуш,хьанг-хьанггахь кхаьллеш охьа ца йохкийта. Цул сов кху, оьрсийн маттахь свалка олучу нехийн-кхаьллийн оьланашкахь хьаькам а ву, йогIучуьнгара ял схьа оьцуш, къепе ларйойтуш.

Вуьшта аьлча дахар ду кхузахь а кхехкаш. Цу дахаран дIахIоттамах сан къамел хилла кхузарчу белхалочуьнца, кху оьланийн хьаькамца Вахица. Ваха кху кевнашна догIа стенна туху,цхьа кхерам болчуха. Яхьа мехала хIума ю кхузахь?

Ваха: «Машенаш чекх ца йовлуьйту тоьхна ду догIа. хан йолуш а.йоцуш а схьа а оьхуш,шайн ка яьл-яьллаче охьа ца йохкийта. Цхьанаметта гулахь охьа ца йоьхкича,хала хуьлу. Ягориг яга а еш, юха тракторца дIо-ор чу тоттийта. И ца дича хIара меттиг тоьур ма яц».

Маршо Радио: « ХIинца и нехаш схьаеъча машен яссо меттиг ю-кх хьан билгалйина юй?

Ваха: «Дера ю! КIирнах кхаа дийнахь схьайохьуш ю нех –кхаьллеш. Кхузахь нагахь санна белхо вацахь дIо-о телпо ноьмар ю. И зIе тоьхча,мел хан яьлла меттиг елахь а со я хьаькам цхьаъ схьавогIу».

Маршо Радио: Кху бахам кертахула волавалийтахь. Хьажахь кху цхьана агIор бензин, солярка,даьтта чохь лаьттина гIутакх-канистарш ю. Хьуьллахь цхьа Камаз машен йоттал дуй те аьлла пластикан шишанаш ду, дIогахь эчиган юьхкаш,телаш… Кхетадехьа.. Царех хIун до?

Ваха: «Тхойгара дIаоьцур ю аьлла гульеш ю пластикан а,чIураман а шишанаш а,тIоьрмигаш а,гIутакхаш а. Тхо мукъа ма дац. Болх ца бича ца болу. Йоккха хIума-м ца лора царах. Мах охьабаьлла бохуш эчиган кийланах хIинца 4 сом бен ца ло кийланах. Машен йоьттина дIадехьначу шишанех тхуна делларг 700 сом дар-кх».

Маршо Радио: ЦIена бедарш а хуьлу ма боху кхузахь сагIийна а йоькъуш..?

Ваха: «Валлай екъа ма-еккъа. СагIийна а ма ло. Суна езар аьлла веъначунна а ло. Мискачунна кхойкхий схьа а валавой дIалуш меттигаш дукха яьхкина. ТIаьрсиган цIена мачаш карайо. Йовханиш а карайо, аьхкенан бедарш а карайо. ТIеман духар а карадо цIена,лелийнарш йоцуш. Нохчийчохь санна полисхой дукха болуш меттигаш ян а ма яц. Цунна хир ду-кх иза».

Нехаш-кхаьллеш дIаузучу меттехь сан Вахица хиллачу къамело гойту аьлла хета, нохчашлахь хIуманна тIалам бар, кхоамза хIума хIаллак цахилийтар тахана а вуно а лераме хилар. Соьца къамел хиллачу Вахас а,кхечу юьртахоша а даре дарца хийла миска-гIийла воллучунна коч-хечица, мачанца гIо хилла кхузара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG