ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Моди Нарендра Пакистанехь


Стохка хаьржина ХIиндойчоьнан премьер-министр Моди Нарендра кхайкхоза хьошалгIа вахана дуьххьара Пакистане. Визито гойту зарратан герз долахь долчу лулахойн юкъаметтигаш толуш хилар. Лахорехь кеманара охьавоьссинчу Модина дуьхьалвахара Пакистанан президент Шариф Наваз.

Пакистанан арахьарчу гIуллакхийн министра Айзаз Чаудхри Ахьмада хаамбина журналисташна, шина лидеран дийцарш дикачу хьелашкахь хилира, аьлла. ПIераскана Моди Нарендра хилира ОвхIанистанехь, цхьаьнакхийтира цигарчу президентца ГIани Ашрафца а, парламентан депутаташца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG