ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къона оьрсийн оппозиционеро ша-шен вийна


Самара кIоштарчу Жигулевск гIалахь ша-шен вийна 18 шо долчу оьрсийн оппозиционеро Колесников Влада. Кхушеран аьхка гIараелира цуьнан цIе, иза Украинехьа йозанаш тIехь долу коч а йоьхна техникуме вахча, цигахь доьшучуьра дIаваккхарца.

Ша вехачу Подольск-гIалахь. Шен цIенна уллехь а оьллинера цо «Юхаерзае Украинана ГIирма» аьлла лозунг. И дерриг а ца тайначу дедас эккхийна, Жигулевске вахийтинера Влад. Кху аьхка Маршо Радионо а ийцира Колесниковгара интервью. «Со Жигулевскехь а ца веза Iедална, сох кхузахь хIуъа а хила тарло, цхьаьнхьа дIаваха аьтто лоьху ас,» - элира Влада хIетахь. Дахарна зуламе довлу молханаш а мелла велла Колесников Влад.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG