ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рамади шен долаерзош бу Иракъан ницкъаш


Иракъан официалан хьостанаша бечу хаамца, мехкан кхерамзаллин ницкъаша шайн куьйгакIелъэцна «Исламан Пачхьалкх» шех олучу тобано шен коьрта шахьар къастийна латточу Рамади гIалара Iедалан хIусамийн комплекс.

«И ГIишлош карара евлла болу уьш, эшна лара догIу,» - аьлла Iедалан ницкъийн буьйранчех цхьаъ волчу ал-Нумани Сабахьа, бохуш даржийна Рейтерс агенталло.

Хьалхо Иракъерчу Iедалан ницкъаша, Атлантикан альянсан тIеман кеманийн гIоьнца мукъаяьккхира жихIадхойх диктатор Хьусайн Саддам вина гIала Тикрит. Рамади ДАIИШ-ан караяккхар еза гIулч ю Иракъан Iедалан ницкъашна – шен коьртачу гIалех баьхна жихIадхой боьдучу тIамехь эшаре догдоху Иракъехь хьовха, Малхбузехь а, Малхбаленан дуккхаъчу мехкашкахь а.

Амма карарчу ханна ДАIИШ-ехь юьсуш ю Иракъехь йоккхаллица шолгIа ларалуш йолу Мосул гIала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG