ТIекхочийла долу линкаш

Ракета а йиина, елла...ча


Чукоткехь, Врангелан гIайритIехь кIайн ча ерна бехктакхаме озийна Арктикехь тIеман гIишлош ечу «Русальянс» компаниера юургъярхо. КIайн ча компанин белхахоша шайна тIе а кIайина, уьш болчу йогIуш хилла кест-кеста.

РогIехь еъча акхаро ша ер дуьйцуш, бехкеозийначу хаамбина, ша иза эккхо дагахь сигналан ракета кхоьссира, ткъа чано йогуш лаьтта и ракета дIайиира, иза цунах елира, аьлла.

Дуьненан ЦIен тептара язйина йолу дийнат ерна и стаг жоьпеозор доьхуш яржийначу петицина буха куьг яздина 270 эзар стага.

XS
SM
MD
LG