ТIекхочийла долу линкаш

Юха а дайделла сом


Кхушара дуьххьара долларан мах Оьрсийчохь 72 соьмал лакхабаьлла. Ткъа еврон мах бу 79,5 соммий. Оршоьтадийнахь доллар а, евро а даздалар эксперташа дуьненаюкъара мехкдаьттан мах хьалабаларца дузу. Амма ши кIира а дацара Оьрсийчоьнан Банко цкъа ца хилла мах а къастош, доллар 70 соьманний, 83 кепекан меха хIоттийна.

Сбербанкан куьйгалхочо Греф Германа, кху баттахь соьман дайдалар – иза бегаше а йоцчу кризисан билгало ю, элира деношкахь.

XS
SM
MD
LG