ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан кхечу кIоштакара ,хуьлда иза генара Къилбаседе я Малхбале,Iожалла карийна нохчо цIавалор керла дац. Мел дукха харж ян езар хьесапе а ца оьцуш, цIа а валавой,шен юьртахь,гергарниш дIабирззинчу кешнашкахь дIавуллу велларг. Нохчашлахь Iаламат мехала ду куьг кочехь чурт а.кошан а барз а болуш шайн стаг дIаверзор.

Гена мехкашкара схьабалош болчарлахь кIезиг ца хуьлу герз тоьхна я ницкъ бина байанарш. Нохчийчохь кегаре хьал хилчахьана и санна хеназа,харц тIеIаткъам барна леш берш тIекхеттехь бен лахбелла бац. Цу могIарера Iожалла а, гIайгIане масал а лара догIу,схьахетарехь, Челябинск кIоштан чIагIдинчу хьелашкахь тутмакхаш кхобучу 2-чу набахтехь.тIехьа-Мартанан кIоштера,ГIой-чу юьртара Исраилов Султан вер.

Набахтин хьаькамаша дуьххьала Iорабаьккхинчу хаамца, шен лаамехь, ирх а оллавелла велла ву мартанхо. Цу кIоштехь волчу мехкан векало Ахматгириев Сайд-Мохьмада дийцарехь и бохам нисбелла кху беттан 21-чу дийнахь.

Цуьнан дакъа схьадан вахначу вешега деллачу тоьшаллин кехата тIехь яздина хилла иза «асфикси бахьнехь велла».

Цо ша-шена тIе куьг дехьна бохург буххера харц до гергарчара а, цу набахте кхаьчначу цхьаболчу бакъонашларьярхоша а. Ма-дарра аьлча, Султан гIело яллош вийна хилар гуш ду тIехьажарций сурт тIехь а.» Ша валале жимма хьалха цо вешега зIенехула аьлла а хилла,кестта хенал хьалха набахтера араваккха тарлуш ду ша,дика леларна а,болх дика барна а. Цул тIаьхьа де даьлча иза ирх а оллавелла вела карийна. Цу и ша дина бохучух теша стагга а вац».

Ишта тошалла дина Челябинск кIоштехь волчу мехкан куьйгалхочун векало Ахматгириев Сайд-Мохьмада. И вевзаш хиллачара даре до 39 шарера Султан куьйгана Iаламат говза,доьналлех вуьзна стаг вара бохуш.

Исраилов шен лаамца дIавирзина бохург аьттехьа а ца дуьту набахтешкара хьал тидам- тергонехь латто Iалашонца кхоьллинчу ,цигга Челяьинск кIоштерчу юкъараллин кхеташонан декъашхочо Приходкина Валерияс.

«Исраилов Султан йиттина вийна ву. Цуьнан дегIа тIе ма-хьаьжжина гуш ду иза ницкъ бина вийна хилар. Цу тIе набахтехь леррина кхоьллинчу комиссино хенал хьалха мукъаваккха къобалвинчу стага ша-шена тIе куьг хьур ду бохург шеконех дуьзна хIума ду.» Ишта дIахьедар хааме даьккхина Приходкинас Кавказан узел газетехь.

Челябинск кIоштан 2-чу набахтин тутмакхаша а, цхьаболчу бакъонашларьярхоша а,жима а шеко ца юьтуш чIагIдо Исраилов Султан,арахьара набахте зераш дан баьхкинчу ницкъаллин структурийн белхоша,бехк боцуш хьийзош волчу шен накъосте гIо даккха гIоьртина Султан лаьцна дIавигар а,цул тIаьхьа и велла аьлла хаам баржор а.

Тутмакхийн бакъонаш ларьечу боламан декъашхочо Павлюченков Алексейс чIагIдарца цу набахтехь дуьххьала нислуш дац ишта вер-ваккхарш а. Цо дийцарех 5 шо хьалха йиттина ,цул тIаьхьа легаш Iаьвдина,са а дукъдина вийна цхьа тутмакх.»ХIетахь и вер бахьнехь, тхан боламан аьтто хилира,- боху бакъонашларьярхочо Павлюченковс,- куьг бехке кхо низамхо а,цхьа тутмакх хенаш а тоьхна чубохкийта… Вуьшта набахтехь болчу низамхоша лелочу харцонийн хьокъехь тхан тергонехь дуккха гIуллакхаш ду.

ХIинцца мукъачу деношкахь гIардаларца,ТIехьа МАртанан кIоштера вахархо, Исраилов Султан Челябинск кIоштехь вер хьокъехь, шаьш резацахилар хоуьйтуш 500 сов тутмакхо мацалла лаьцна, и ирх а оллавелла шен лаамехь велла бохург чекх ца далийта.

Цу кепара геналлехь ,ца богIу харц ницкъ тIетаIош нислуш лаьтта баларш,хIоразза а велларг шайн юххера гергара стаг волуш санна лазаме тIеоьцу нохчашлахь. И гIело сацо йиш а йолуш ца сацочунна цара наьIалт а кхайкхадо,массо меттах а ваьлла, ца нохчо вита ца вогIура дозанал арахьарчу набахтешкахь бохуш кхайкхамаш а бо.

Тутмакхаш –нохчий харц таIзарх хьалха баха масийтта некъ гучех ву Соьлжа-гIалара Ибрагимов Муса.

Муса: «Оьрсийчохь нах хьийзош берш,масарна а хаа а хууш ницкъаллин структураш ю. Набатеххьа-м ирх-пурх а кхин ирча хьал ду. Набахташ карахь йолчу министарна лиъча, набахтешкахь нахехь гIело яллор яцара. Кхеташо а йина,тIетаьIIина дIааьлча низамхоша харцонаш лелор яцара. ХIуъчара дуьйцурш инзаре гIуллакхаш ду. Кинош чохь цара гойтурш а ,цигахь дан а доцуш гойтуш ма дац. И цхьаъ ду.

ШолгIа, нохчий ца беза. Кхузахь хилла тIемаш бахьнехь вайнахе цабезам кхобу. Ваша вийна,гергарниг вийна эпсар хила а тарло оццу набахтехь а ур-аттал,кхиберш а хир бу накъост,веза-вевзарг вийна а. Нохчий къам чIогIа бехдина. Арахьберш цIа бало хьовса дезара хIуъу дин...

Ас ца боху цIа вало хьакъдерг а,доцург юхаберзабе. Милла велахь а цIа валаве аьлла а ма дац. Мичча хилча а бен цахетарш а ма бу. Цига кхача а гIерташ кхаьчнарш а мА бу. Ца кхиънарг бен хан ца йолуьйтуш цIа бало безар-кх нохчий…»

Челябинск кIоштан набахтехь нохчо вераца доьзна къамел дина Ибрагимов Муса тешна ву цхьа гуттар даккхий зуламаш дина,белла дIабовллалц хенаш тоьхна чохьббохку нохчий боцурш,(нагахь иштаниш белахь а), кхиберш цIа берзо уггар хьалха корта лаза безарш гергарниш а боцуш,Iедалдай бу аьлла.Стенна аьлча боху цо,махкахь тIемаш болийнарш могIарера нах бац. Бацахь и тIемаш бахьнехь, цабезам а дебийна, хьийзош бу бехк боцу нохчий, цунна гергахь.

XS
SM
MD
LG