ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчуьрчу набахтешкахь эзарнашкахь бу шайн даймахкахь тIемаш боьлхучу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьаллаттарна яккхий хенаш а йиттина, чубоьхкина нохчий. Царех дуькхаберш цIехьабоьрзу мур бу карара хан. ХIун хир ду царех набахтешкара арабевлча, мел ларъеш хир ю церан кхидIа баха а, белхаш бан а, доьзалш кхион а йолу бакъонаш? И хеттарш ду лецначеран а, церан гергарчийн а сагатдеш.

Цуьнца дузу Маршо Радионо а шен кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, тIемаш барна набахтеш а текхна цIехьабоьрзучу нохчашца муха хила еза Iедалан а, халкъан а юкъаметтигаш? Олийла дуй царех, динчу зуламех жоп делла бевлла, парггIат баха хьакъдолу нах, я царех ларлуш хила еза пачхьалкх а, юкъаралла а?

Жоп дала луучарна - тхан телефонаш.

Прагица зIене волуш: + 4 20 72 40 1 8 32

Горгали баийтинчул тIаьхьа, охьайилла а тарло телефон, тхаьш девр ду тхо дуьхьал зΙене.

СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 92 6 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 4 20 72 40 19 8 32

Шайна хетачух лаций язде тхан сайте а: radiomarsho.com.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG