ТIекхочийла долу линкаш

Еа пачхьалкхийн лидерийн къамел


Германин, Францин, Оьрсийчоьнан, Украинан куьйгалхоша вовшашца телефонехула дийцаредина Донбассера Оьрсийчоьнан эскарш юхадахар а, цигара тIемакхийссарш совцор а. Телеконференци вовшахтоьхначу Францин куьйгалхочун офисо къамелаш дирзича хаамбина, «веа лидеро хаийтина, шаьш, хьем ца беш, герзаш юхадахарехьа вуйла», аьлла.

Канцлеро Меркел Ангелас а, президенташа Олланд Франсуас а, Путин Владимира а, Порошенко Петрос а шина сахьтехь шаьш телефонехула динчу къамелехь биглалдаьккхина, стохка Минскехь бинчу бертан лорах чекхдаккха деза Донбассера дов, цигахь иштта кечамаш бан беза 2017-чу шеран юьххьехь хилабезачу меттигерчу харжамашна а, аьлла.

Лидерша хIинца болийна дагадовларан керла некъ дIахьош еа пачхьалкхан дипломатин дайш вовшахкхетар бу машар бийца Чиллан-беттан юьххьехь.

XS
SM
MD
LG