ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан кеманаша бIеннашкахь маьрша шемахой байина


Шемара хьал тергонехь кхобучу цигарчу бакъоларъярхойн тобано жамIдина Оьрсийчоьнан кеманаша ракеташ, бомбанаш еттачу шайн мехкан къошташкара. 2371 стаг вийна оьрсийн кеманаша тIаьххьарчу кхаа баттахь, царех кхоалгIа дакъа маьрша бахархой бу, шайлахь 180 бер а долуш, боху шемахоша-бакъоларъярхоша.

Шинарийдийнахь оццу хьокъехь дара Iамеркан Штатийн Пачхьалкхан департаментан пресс-секретара Тонер Марка дина дIахьедар а. Оьрсийн кеманаша бен-башха а доцуш детта герзаш, маьршачу бахархошна хуьлу алссам дараш,доккхачу декъанна президентан Асадан ницкъаш толорхьама до тохарш, террорхой бац Iалашоне эцнарш, аьлла ду Департаментан дIахьедар.

XS
SM
MD
LG