ТIекхочийла долу линкаш

Керла шо а, бусалбанаш а.

Ткъа шо сов хан ю Оьрсийчохь лелачу рузманца шаро шо хуьйцуш догIу денош билгалдаха, оцу деношкахь велавала, самукъане хила бусулбанна къехьа ду олий цхьаберш хьаьвза. Цундела, шаьш цхьа зуламдеш санна, ийза а луш, тIеоьцу Керлашо нохчех дукхахболучара

„Alle Jahre wieder“ , аьлча а, „ХIора шарахь юх-юха“ - иштта йолалуш ю Керла шо тIедогIучу хенахь немцоша локхуш йолу цхьа йиш. Цу дешнехь пайда а оьцуш аьлча, хIора шарахь юх-юха дIабуьйлало нохчашлахь тIаьхьарчу заманчохь, Google лахаран системах пайда а баьлла, жима а, воккха а молла хилча дуьйна схьа, Керла шо даздар хьарам хиларх лаьцна къийсамаш.

Цхьаболучара Керла шо даздар динца доьзна дац, шаьш и де цхьажимма доьзалехь а, гергарчаьрца а вовшах а кхетта, шайн а, берийн а самукъадаккхархьама даздо бохуш дуьйцу, гуобаьккхина шайна тIегIертачу керлабевлачу суьпа нехан тIелатарехь бехказбовлла гIерташ.

Вукхара и де даздар хьарам ду бохуш чIагIдо, иза даздечеран шерачу новкъа жоьжагIате йорта эцан бен кхин Делан дикне тийса са дац, бохуш кхерамаш а туьйсуш. Цара боху, керистаний дезде лоруш верг царех ву, Пайхамаран, Делан салам хуьйла цунна, дешнаш а дахкош, ткъа иштта Iелимийн белхашна юккъера оццу Google системин гIоьнца шайна карийна долу далилаш чу а хоьхкуш.

Кхузахь хьахон догIу доцца, и далилаш дахкориш цу Iелимийн цхьа а болх бешна ца хуьлу, Google чохь „бусулба динехь керла шо даздар“ аьлла шаьш яздича шайна уьш схьагар бен, цу Iелимийн цIераш а евзаш а ца хуьлу царна.

Цара иштта чIагIдо, база дитт кечдар джахIилийн Iадат ду, Iесачу наха бен лелош доцуш, бохуш. Беламенарг амма уггаре а гIовгIане и чIагIдарш деш берш шаьш Советийн заманан бераш хуьлу, къона къанбаллалца база дитт хIиттош а, Керла шо даздеш а лелла болу, доккхачу декъехь Европе баханчул тIаьхьа шайн дин довза а, ламаз-марха лелон а буьйлабелла болу.

Керлачу шарана кечдина долу база дин Iесачу наха Дела санна лоруш хилла бохучу царна, хетарехь, гиначух тера ду кху заманахь диттах Дела ву а бохуш, цунна гуонаш дохуш болу тамашийна нах.

Вайн заманахь техникан кхиарш вуно лакхара хиларна ишттачеран могIаршлахь керла тренд яьржина – цара ваттсапехула аудио-хабарш даржадо, база диттана гоунахьа шайтI гина хьенехана бохуш, вуно шога йинчу фотошопаца шайтI ду бохучу цхьана Iаьржачу хIуман сурт берийн корта тIе доьгIна. Иштта бу цу хаамех цхьаъ.

Ватссап-хаам: „Ассаламу Iалайкум! Ас хIинца цхьа сурт доуьйту хьуна. Хьажахь цуьнга. Вайн несин шича яц, цуьнан йоI яхнера берашца цхьаьна база дитт хIоттийначе. Цу берашна юккъехь шайтI лаьцна камерано. АллахIо гойтуш ду-кх, Хьажи цIенна санна база диттана бусулба наха гуонаш тийсар къилахь дуйла“.

Керла шо даздар бусулбачарна магийна хилар я ца хилар сел дестадеш дийцаре дечара даладо иштта, бусулбачийн шиъ бен дезде хила йиш а яц, цул совнаха бусулбачийн шайн кхин керла шо ду, беттасин рузманца, олий.

Бакъду, оццу Google-хьаже ца хаьттича, бусулба динехь тахана массолгIа шо, массолгIа бутт, массолгIа де ду хууш ца хуьлу и дуьйцуш берш. Ткъа Керла шо даздарал даккхийчу къиношкахь уггаре а хьалха шаьш а луьйчуш хилар хьаххане а ца хьахдо.

Иштта, масала, уггаре а гIовгIане Керла шо даздар емалдеш болу вайнах Европехь бехачарна юккъехь нисло. Масийта шарахь Венехь берашна мотт а, гIиллакхаш а, Iадаташ а Iаморан ишкол лелийначу Оздемирова Розина дика евзаш ю Керла шаран гонахь шаьш массарел а суьпа хетачара хIора шарахь йолош йолу дискуссеш.

Ша берашна „Самукъане сахьт“ олий, цхьа хазхетар дан хIоьттича, цу наха дуьйцучу хабарша хир хададора шен бохуш дуьйцу Розас.

Керла шо даздар бусулба динехь хьарам ду бохуш болчу наха цуьнца цхьана амма Европерчу Iедалша а, гIодаран юкъараллаша а, ур-атталла килсанаша а Iиса пайхамар винчу денна а, Керлачу шарна а луш долу совгIаташ хазхетарца схьаоьцуш гина шена бохуш дийцира Розас кхин дIа.

Цул совнаха, цу наха, шаьш хьарам-хьанал боккъал а къастош делахь, Европерчу Iедалшкара я социалан ахча а, я берийн пособеш а эца ца дезара аьлла хета цунна, хIунда аьлча и ахчанаш Европерчу пачхьалкхашкахь дегI духкучу зударша лучу а, къаьркъа а, герзаш а, дохкарех лучу а ясакхехь оьцуш ду цара.

Оздемирова Роза: „Килсанашка Iиса пайхамар винчу денна лерина шайн берашна совгIаташ лахьара бохуш лелаш бу и санна болу цхьаболу нах. И Керла даздар ца хилча, шортта хIумнаш ду вайн нисдан дезаш, вай хьарам-хьанал дуьйцуш делахь.

Уггаре а хьалха кхузазь социалан ахчанаш а ийдеш, и хабарш дуьйцуш Iаш болчу наха ойла ян еза, шаьш оьцуш долу ахча стенах мичара долуш ду. И ахча шаьш къахьегна эцна доцийла ма хаий царна.

И ахча кхузахь тайп-тайпанчу бусулба дино ца магош долу хIумнаш лелочу зударша луш йолчу ясакхехь кхоллалуш ду, иза а ца оьцуш Iен беза шаьш хьарам-хьанал къастош бу бохурш“.

Оздемирова Розас ма-аллара, шайн театралан суьпалла а, массарел а шаьш бусулбах хилар а гайта луучу селхана-стомара дин девзинчарна даккхий къинош дита а дуьтуш, тIехула дIа долу хIумнаш даздеш дийцарехь го динан маьIна.

Даздечо даздеш, ца даздечо ца даздеш дита йиш йолу хIума цхьа дахаран а, иманан а фундаментала мехалла йолу хIума санна кега а деш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG