ТIекхочийла долу линкаш

Керлачу Шарна - ширачух лаьцна бегаш.

Хууш ма-хиллара, ДаIишах дIакхетта, Шемахь тIемаш беш бIеннашкахь нохчийн кегирхой бу. Уьш Шема ихаран бахьанах ца кхеташ, ойланаш еш бара террорхойн леламаш толлушболу дукха аналисташ.

Цхьана денна мукъане а ДаIишан коьртачу шахьаре Раккъе кхача, цигахь хьал шен бIаьргашца ган а, талла а са ца тессина, хетарехь, цхьа а журналист хир вац. Нагахь санна цу гIала кхача иштта хала дацахь а, цигахь юха белшаш тIехь корта а болуш аравалар мелла халуо хиларна юхаийзало уьш.

Хууш ма-хиллара, ДаIишехь вуно шога цензура ю, цигара дуьнене кхочуш болу хаамаш шен луьрачу тергонехь латтош ю ДаIиш-IаIиш информагенталла, хьан-хьанна а цу пачхьалкхера керланиш дийцийта аккредитаци ца еш йолу.

Амма Халипатан пресс-служберчу цхьана нохчийн журналистан, хIинца шех „Джихадан къолам“ олуш волчу, ткъа масех шо хьалха Соьлжа-гIаларчу валютийн базарахь долларш духкуш хиллачу Абу Ахча ибн Дашодинардолларалтоьлу цIе йолчу коллегин гIоьнца цхьана денна ДаIиш-IаIиш агенталлехь аккредитаци ян каделира Маршо радион. Ишттий бен аьтто бер бацара масех де хьалха вуно тешамечу хьостанашкара кхаьчначу цхьана костан талламаш бан.

Ткъа кост иштта дара: Раккъехь, ДаIишан коьртачу шахьарахь, дуьххьарлера нохчийн ресторан схьайиллина, ткъа ДаIишан баьчча, халип БагIдади Абубакар къайлавалар цхьана къайленечу кепара цу ресторанаца доьзна а ду.

Дера и тайпа коста ца толлуш дуьтийла яцара тIагIутана ецачу, Iамеркхошна йохкаеллачу, долларех джихад хийцинчу Маршо радион. ДаIиш-IаIиш агенталлин аккредитацица Раккъе кхача ка ца даьллехь а, амма лакхахь хьахийначу Абу Ахча ибн Дашодинардолларалтоьлу цIе йолчу „Джихадан къоламан“ гIоьнца Раккъерчу Бикату Бинт Накъудца интервью ян каделира тхан.

ХIинца нагахь санна ладогIархочуьн хаттар кхолладеллехь, Бинт Накъуд мила ю, БагIдади къайлавалар цуьнца муха доьзна хила йиш ю аьлла, ладогIа тхан интервьюга. Амма цкъа хьалха Бинт Накъудах цхьа ши дош.

40 шо долу Бин Накъуд хьалхалерчу дахарехь ПIаьнгаза чIожехь ехаш йолу Бикату яра. I2 беран нана йолу иза шен хIусамдеца къаста а къаьстина, - иза шариIатана метта демократи езаш хиларна, - дIакхелхира шо хьалха Шемарчу Халипате, шен цIе Бинт Накъуд аьлла Iарбойн матте а йоккхуш. Кхин дIадерг цуо ша дуьйцур ду.

Бикату Бинт Накъуд: „ПIаьнгазехь Iаш яра со, дагахь хIуммаъ доцуш. ТIаккха цхьана дийнахь сан хIусамдас элир соьга, шена демократи еза, аьлла. Дера хьуна демократи езахь, суна шариIат ма деза, аьлла, хьол гIолехь верг суна карор ву хьуна, аьлла, сайн I2 бер а эцна, со Раккъе дIаяхара.

Кара а вира суна 18 шо долуш майра. Цхьана дийнахь цунна хIун кечйийр яра-те кхалла, аьлла, ойла йина, чIепалгаш дира ас. Уьш диинчул тIаьхьа араваьлла цуо I0 муртад вийра, лагах урс хьаькхна. ТIаккха кхийтира со, ас чIепалгаш деш ресторан схьаелла езийла. ХIетахь дуьйна схьаоьхуш и кегий нах, Нохчийчуьра а, Iарбойчуьра а, сан чIепилгаш дууш, муртадашна арсаш хьоькхуш, кхаьхьа де ду.“

ЧIепалгаш духку ресторан схьа а йиллинчул тIаьхьа бизнес вуно дика дIайоьдур шен бохуш дийцира Бикату Бинт Накъуда кхин дIа а. Доллучу дуьнентIера Халипате оьхучу муджахIедашна вуно тайра Бинт Накъудан чIепалгаш.

Цу муджахIидийн хьуьнаршний, Бикатун чIепалгашний юккъехь вуно тамашийна зIе хилар а гучуделира хье ца луш- массеран а тидам хилира, цуьнан чIепалг а кхаьллина, араваьлларг муртадан лагах урс ца хьокхуш юха ца воьрзийла. Тамашийна а дуй тIаккха, кеста халип БагIдадина а Бикатус шен куьйга дечу чомечу герзах лаьцна хазар. Бикату Бинт Накъуда дуьйцу.

Бикату Бинт Накъуд: „Цхьана дийнахь халипан БагIдадина дахьийтира ас цхьа шун дуьззина чIепалгаш. Уьш диинчул тIаьхьа къайлаваьлла ву БагIдади. Ванах, иза мичахь ву аьлла хаьттича, наха дуьйцу, хIетахь дуьйна иза муртадаш бойъуш ву, бохуш, киснара доккхий, чIепалг кхоллуш, муртадана тур хьокхуш, иштта лелаш ву боху иза.

Довхачу чIепалгал дика хIун хила йиш ю аьлла, аш соьга хаттахь, ас жоп лур ду, фисабилиллахI дууш долу довха чIепилг ду, аьлла. Схьадуьйла кхуза массо а, кхузахь шортта даа чIепалгаш а ду шуна, байъа муртадаш а бу шуна“.

ЛадогIархойн кхета йиш ма-хиллара, дуьнено а лохуш волу халип БагIдади къайлаваларан бахьана ПIаьнгаза чIожарчу I2 берин ненаца Бикату Бинт Накъудца доьзна хилла.

Цу могIарерчу зудчо ДаIишехь даржийна вуно ша-башха герз – кIалд чуйоьллина чIепалг – бахьана долуш лакхабевлла хилла Шемарчу Халипатан муртадашца беш болчу тIеман кхиамаш а. Амма коьртаниг - цу чIепалгийн лорах оьхуш хилла ДаIишан байIат а деш, Шема оьхуш болу нохчийн кегирхой. Къаьстина, Европехь, доьзалца а боцуш, цхье цIена схьабаьхкина, мухIажарийн юкъараIойлашкахь, бовха бинчу кхачах хьоьгуш хене бовлуш берш.

Цунах кхеттачу Европерчу пачхьалкхийн къайлахчу сервисаша хIинца сацам тIеэцна, тIедогIучу Керлачу шарахь хIора а мухIажарийн юкъараIойлахь чIепалгийн мехаза кафе схьаелла. Ткъа чIепалгаш а диина, тIеман токхо лакхаяьллачу нохчийн кегирхойн и токхо машаречу хорше ерзорхьама, цара сацам бина иштта цу кафешкахь чIепалгана тIекхалла хингал а дан, бохуш чIагIдо ДаIиш-IаIиш агенталло.

Цу агенталло арахоьцучу Дабикъ журналан нохчийн маттахь арайолучу керлачу лоьмарехь еша таро хир ю луучийн Бикату Бинт Накъудца йина интервью йоллучу барамехь.

Азимова Сийлаха бинт Iамерхойн долларех йохкаелла Радио Маршо, тIагIутан бен болчу Малхбузерчу Европера.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG