ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа дика ца дохьуш вон а ца догIу


82 шо долу Iамеркара яхархо Филлипс Глэдис деношкахь 4 денна йисинера 6 гIаттах лаьттачу туьканан совнахчу чоьнехь. Керлачу шарна шен беза-бевзачарна совгIаташ эца еана йоккха стаг, тилаелла кхаьчна цу чу.

Филлипс ша цхьаъ еха, ца хилла цуьнгахь мобилан телефон а, ур-атталла. Цундела дала орца доцуш йисина иза. Шен тIормигчуьра кемпеташ юуш, дилина куьйгаш дакъочу коьчало лучу йовхонах пайда а оьцуш, шена тIера палто буха а тосуш, дIаюьжуш хан яьккхина цо туьканан совцIачохь.

Ткъа мукъа а ца Iийна Филлипс Глэдис - цу деа дийнахь цо шен кIентан кIантана, Керлачу Шарца иза декъалван, шеца хиллачу тIергIан уьйригах юьйцина логах хьарчориг. «Ас пенах, неIарх буйнаш бетташ, орца доьхура, амма со цхьанна а ца хезначух тера ду.

Дика хьаха дара, цо туьканахь теш эца со кхиина хилла, цундела сайн хьомечу воьIан воьIана совгIат дан кхиира», аьлла, шекьйоцуш дийцира йоккхачу стага журналисташка ша совчоьнан йийсарера яьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG