ТIекхочийла долу линкаш

Вайзаманара къонах


Белорусан коьртачу шахьарахь Минскехь полисхоша лаьцна 24 миллион сом лачкъорна бехкевен, цкъачунна цIе ца йовзуьйту жимстаг. Меттигера цхьа йоI евзина хилла жимчу стагна интернетехула. Оцу йоIа шайга хьошалгIа кхайкхина и кIант, шен дена-нанна а возуьйтуш.

КIант, ша цунах тешарна, шайн чохь а витина, цхьа цатору гIуллакх а иккхина, цIера араяьлла йоI. ХIусам толлуш жимчу стеган карадеанера дIадиллина ахча. Цу ахчанан цхьа дакъа тIера схьаэцна хьешо. ЦIаеъначу шен тIехьийзачу йоIана совгIатдархьама, романтике ваьллачу кIантаресторане кхайкхина иза Керла Шо даздан.

ХIума йиина, дагара дуьйцуш хан яьллачул тIаьхьа, ша вуьззина къонах хиларе терра, такси кхайкхина, йоI ехачу хIусаме дIа а кхетийна кIанта.

Оццу юкъанна, йоьIан дас-нанас полице хаамбина, лацийтина кIант.

XS
SM
MD
LG