ТIекхочийла долу линкаш

Абдулаев Ахьмадан гIаз Вася


Дагестанерчу Аксайхь меттигерчу вахархочо Абдулаев Ахьмада гIаз эцна Керла Шо даздан дагахь. Амма урс хьакха тIе куьг ца доьдуш висина. Ца ерал совнаха, гIезана Вася цIе а тиллина къинхетамечу Ахьмада. Цо иштта дуьйцу хилларг: «Карара хIоъ бала тIеваханера со, ткъа гIаз цицигах таръелла сан когах, сох хьекхаяла юьйлира.

Эццахь дог къад а делла, висина со Керлачу Шарна пхьор а доцуш». Дагестанехь кечдеш хуьлу хинкIали шен чохь ца нисделлехь а, хIинца керла бахам боло дагахь ву ша – гIезанна тIе гIаз а эцна, бохура Абдулаев ахьмада журналисташка.

XS
SM
MD
LG