ТIекхочийла долу линкаш

Мюнхенна ДАIИШ тIелатарна кхоьру полици


Мюнхенера вокзалаш ларъеш ю полици, долалучу шеран юххьерчу деношкахь терроран тIелатарш дан тарло аьлла хаам Германехула баржарца доьзна. Iедалан хьостанаша бахарехь бух боцуш а дац иза.

Керла Шо тIехIуттуш оцу бахьанийца къевлина яра Баварин гIаланшкара аьчка а, машенийн а некъийн вокзалаш. Кхерам бохьурш «Исламан пачхьалкх» олу тобанаш ю боху кхузахь.

Баварин полицин куьйгалхочо ХIерманна Йоахима аьлла журналисташка, Германин иччархоша бечу хаамца, 5-7 жихIадхочо талораш дан мега аьлла хаам кхаьчна шайга. Талламаш бу беш Баварехь, амма цкъачунна лецна нах бац. Мюнхенера вокзалаш гоне лаьцна Iара полици Керлачу Шеран горгалеш Европехула бекачу сахьтехь.

Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министра де Мезьер Томаса дIахьедина, Германехь а, ерриг а Европехь хьалха а санна лаьтта талораш дан кхерам, аьлла.

XS
SM
MD
LG