ТIекхочийла долу линкаш

Украинан экономика Евробертаца йозалуш лаьтта


Евробертаца Украинан маьршша йохк-эцар лелон бакъо ю Дечкен-беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна. Лурчаха и барт барцана ийгIира Кремл иштта а ша тIекъаееш йоцчу Киевца, ткъа кху деношкахь болхбан йолалуш ю Оьрсийчоьно Укроаинана кхайкхийна кхачанан эмбарго а.

Делахь а, Украинера экономикан хьал ца талхийта гаранти ло Евроберто цунна шен дозанаш делларца. Хiинццалц Оьрсийчоьнца йолчу юкъаметтигашка ерзийна лелла шен экономикан кепаш Европан бахамаллица дIанисъян дезар ду Украинан.

XS
SM
MD
LG