ТIекхочийла долу линкаш

Изолятор чохь ву Кутаев Руслан


Бакъоларъярхоша доцчу бахьанийца набахтехь кхобуш лору Кавказан къаьмнийн ассоциацин президент Кутаев Руслан тIаIзардеш гIудан изоляторчу воьллина Чернокозово набахтехь.

Цуьнгахь телефон гучуялор ду бахьана, амма оцу бахьанийца кхечарна дукха хьолехь деш тIазар а дац иза, хаамбо прессехь «Кiизаллина дуьхьалояр» цIе йолчу юкъараллин куьйгалхочо-бакъоларъярхочо Каляпин Игора.

Вайнахана Сталина депортаци яр дагалоцуш лурчаха Iай Соьлж-ГIалахь конференци цо хIотторца долийра Iедало Кутаевна гIелояр. Мобилан телефон гучу а яьлла, изоляторчу воьллина ГIуран-беттан 29-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG