ТIекхочийла долу линкаш

ШиIатойн шайх ан-Нимр Бакъар вийна кхелан сацамца


СаIуда Iаьрбийчоь шоьтадийнахь Iеламча-шиIато ан-Нимр Бакар верна, и пачхьалкх террорхо ю, Iеламча экстремизмаца къуьйсуш вара ша веллалц, аьлла цхьамогIа шога дIахьедарш дина ГIажаройчоьно. Либанерчу

ШиIатойн Лакхарчу Кхеташонан куьйгалхойх волчу Къабалан Амира, шайх Нимра вер – иза» кхетам а, барт а, собаран массо доза а дохор ду», аьлла.

Йеменерчу хIусситаша ан-Нимр шахIид ву, цунна тIехь йина кхел – йоккха харцо ю, аьлла даржийна.

БахIрейнехь нах гуламе бевллера, амма ницкъаша дIасалаьхкина полицино. Нимр Бакар ан-Нимр вара 2011-чу шарахь СаIуда Iаьрбийн махкахь шиIатой гIаттаме баьхнарг, мехкан бахархошлахь ялхалгIа дакъа нислучу шиIатойн бакъонаш къийсарца гоьвалла вара иза.

Шоьтадийнахь СаIуда Iаьрбийчохь цуьнца цхьана вийна кхелан сацамца цуьнан вешин воI а, кхин а 5 шиIато а. Ткъа верриг а Iедалан цIарх вийинарг 40 стаг ву, дукхахберш суннатой а болуш. Царна бехкейина терроризм, халкъ гIаттаме кхайкхар. Байинчийн декъий махкахошна гайта ара а даьхнера кхело.

XS
SM
MD
LG