ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанан - ОвхIанистанан дийцарш


ТIалибаша Кабулна алссам тIелеташ, тIеIаткъамбечу кху муьрехь вовшийн барт чIагIбарехьа ю ОвхIанистан а, Пакистан а. ХIара зама кхаччалц герга буьтуш а ца хиллачу машарх дийцарш доло дагахь ю кху беттан 11-чу дийнахь Кабул а, Исламабад а. ТIаьххьара и тайпа гIулч яккха гIоьртира агIонаш стохка аьхка, амма хедира юкъаметтигаш тIалибаша, къамелашкахь дакъа ца лацарал совнаха, тIелетарш долорца.

Шина пачхьалкхан диалогна юьхь йиллинарг вара дахначу кIиранах Кабуле вахана волу Пакистанан тIеман министр Шариф РахIил. Оцу юьхьиго некъ биллина кху баттахь Овхнистанна а, Пакистанна а, Китайна а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна а кху бетта юккъехь бертан къамелаш долон.

АгIонашна хала хеташ делахь а, тIалибаш хир бац дийцаршкахь – цара чIагIо йина арахьара эскарш ОвхIанистанехь а долуш, бертах дерг ца хьехо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG