ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Йилбазан зурмано шакаршца цоьсту сан лерса...


Элдин Микаил

* * *

Йилбазан зурмано шакарца цоьсту сан лерса,
Сан синан бIарлагIа шийлачу хIусамна тийжа,
Сан махкахь къизалла буьзначу саьрмиках терса,
Синкхетам совбаьлла со-м тахна карзахе хьийза.

Шелделла къам дохдан цIе оьшу байначу кхерчахь,
Цу цIарна кхача бан сан гIийла са дага деза,
Сох ирсе мIаьргонаш Iазапан къа хилла хьерча,
Дажалийн хелхарехь бал баккха со-м хили реза.

Со реза ма хили, малийкийн тезета хIуттий,
Дуьненах хьоьггушехь чурт доцу каш сайна даккха,
Суо вогуш баьгначийн синлазам сайн сица луьттий,
Сайн ойла абаде боьдучу некъа тIе яккха.

Со реза ма хили, исбахьа дешнаш дIатоттуш,
БIаьрзечо пен санна тIетовжуш лазам схьалаца,
Анайист йоцучу дуьненан йисттера гIоттуш,
Сайн ойла соьцучу махьшаран майдана кхача.

Кхоьллина сан Дела, къизалла угIучу кийрахь,
Хьан дуьхьа къинхетам сайн дагца ас бина къобал,
Ахь сагIавехьа со, кху мехкан бармий тIе виллий
Со-м закат ду хьуна, баланехь цIанлучу къоман.

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG