ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Берзинчу когашца ченаш а кегош...


Элдин Микаил

* * *

Берзинчу когашца ченаш а кегош,
Дог цIена бералла дIаяхчахьана,
Дахаран къизалло хьан куьйгех хьегош,
Абадехь некъахо хили-кх сох, нана.

Некъаша гIелвина вирзича цIехьа,
Карадо хьан юьхь тIехь сайн некъан тача,
БIешерийн иллица со вижавехьа,
Нана, ма чомехь бу-кх хьан куьйгийн кхача.

Деле со вехахьа, куьйгаш а лаций,
Кхана а дезий сан-м цу новкъавала.
Хьоьца бен цхьанхьа а со-м ирсе ваций,
Делахь а ницкъ бац сан кхолламах вала.

Жимчу хьан неIарах суо араволуш,
Суна-м суо гуьйренан гIа-патар хета
Сайга ахь: «Хьо кеста вогIур вуй?» — олуш
Цхьалхачу аьрзунан маьхьарх со кхета.

Бераллин йора дин—сара а хоьхкуш,
Челакха бералла дIаяхчахьана,
Дахаро хьан куьйгийн аьхналла йоьхкуш,
Абадехь некъахо хили-кх сох, нана...

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG