ТIекхочийла долу линкаш

Элдин Микаил. Алахьа, бехк буй сан ойланах воьхча...


Элдин Микаил

***

Алахьа, бехк буй сан ойланах воьхча,
Iийжаме-мерза дIовш ахь дагах тоьхча?
Дика дин галболу-кх бехачу новкъахь,
Аьрхачу беречо бохийча шовкъах.

Алахьа, бехк буй сан, ткъа, велавелча,
Бовзанза сатийсам ахь сайна белча?
БIаьстенца, баIанан кIохцалш а даьгна,
Ховхачу зезагийн хазаллех хьаьгна.

Бехк буй ткъа сан бIаьргийн алунах даьгча,
Акхачу деган а — безамах хьаьгча?
Дохк-марха коьрта тIе язъелча хийла,
БIаьстенга сатуьйсу Баш-ломо гIийла.

Алахьа, бехк буй сан гIайгIане хилча,
Хазчу хьан бIаьргаш чохь са тилла хилча?
Дилхина маршонах даьккхина леча,
Хиъча шен Iожалла йоцийла речIа*.

(* - кхузахь: олхазар лоцу гур)

XS
SM
MD
LG