ТIекхочийла долу линкаш

21 мигрантан дакъа карийна туркошна Эгейн хIордан бердаца


Лаххара а 21 мигрантан дакъа карийна Эгейн хIордан бердаца. Цунах лаьцна хаам бина Шинарин дийнахь Туркойн орцаллин сервисан белхахоша. Цара дийцарехь, 10 стеган декъий бердана тIекхоьсиина Дикили олучу туркойн гIалахь. 11 дакъа карийна Айвалюк олучу курортийн гIалахьмгIамаран бердан йистехь. Беллачарна юкъахь 3 бер ду.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, мигранташ хилла Грецин Лесбос олучу гIайренна тIекхача гIерташ. Амма уьш тIехь хилла жима кема хибухула дахана хIорд ловзабалар бахьана долуш. Оццу минотехь туркойн орцаллан тоба яхана бохам хилла нах лаха.

Масийтта стаг кIелхьараваккха аьтто баьлла. Белларш а, кIелхьарабаьхнарш а мичара бу дуьйцуш дац. Дикили а, Айвалык а ю, 50 километр бен юкъахь а йоцуш, ул-уллехь Iуьллуш. Цигара новкъа бовлу Африкера а, Гергарчу Малхбалера а Грецехула Малхбузерчу Европе кхача гIерташ болу нах. Стохка Туркойчухула Греце кхаьчначу мухIажарийн терахь ду 850 эзар стаг.

XS
SM
MD
LG