ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьнца дипломатин юкъаметтигаш дIахедийна Кувейтан Iедалша


ГIажарийчоьнца дипломатин юкъаметтигаш дIахедийна Кувейтан Iедалша. Цул хьахлха изза дина Саудин Iаьрбийн пачхьалкхо а, Бахрейна а, ТехIранехь дуьхьалонан акцин декъашхоша Саудин векалаллина тIелатар дар бахьана долуш. ГIажароша и тIелатар дира Саудин Iаьрбийн пачхьалкхехь шиIатийн дешна стаг шейх Намра ан-Нимра вер бахьана долуш. Иза кхел йина вийна Саудин Iедалша, терроризмана юкъахьакхавелла ву аьлла. Цу шейхаца цхьаьна вийна кхин а 46 стаг.

Саудин Iаьрбийн пачхьалкхо дIахедийна шен ГIажарийчоьнца хилла йохка-эцаран уьйраш. Шина пачхьалкхана юкъахь лелаш дац кеманаш.

Саудхошна тIехIоьттина масийтта Африкера а, Гергарчу Малхбалера а пачхьалкх. Цхьаьнакхеттачу Къамнийн Организацин кхерамазаллин кхеташоно емал дина Саудин векалланан тIелатар дар. Цо кхайкхам бина ТIехIране дипломатин миссеш эвсараллица ларъяхьара аьлла.

Саудин Iаьрбийн пачхьалкх суннатхой беха коьрта мохк бу Гергарчу Малхбалехь, ткъа ГIажарийчохь Iедалехь ю шиIатийн режим. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино а, Iамерко а, Туркойчоьно а кхайкхам бина сатухуш хила аьлла.

XS
SM
MD
LG