ТIекхочийла долу линкаш

Европера нохчий ца кхоьру Кадыровс туьйсучу кхерамех


Норвеги - Кадыров Рамзанан Iедал емалдечу митингехь, Осло, 02Деч16

Норвеги - Кадыров Рамзанан Iедал емалдечу митингехь, Осло, 02Деч16

Европерчу нохчаша – шо довш Венехь, ши де хьалха Ослохь – гуламаш хIиттийна Нохчийчуьрчу администрацино нахана тIехь гIело латтайо, конституци хьоьшу, аьлла.

Шо дерзале шаьш шайн даймахкара тергалбинчу массех беламечу, кхардамечу, къизачу хиламо протесташка баьхна Европера а, дуьненан кхечу маьIIашкара а нохчий. Цаьрца солидаралла гойту уьш бехачу мехкашкашкарчу наха а.

Теркйистерчу Iели-Юьртарчу Инаева Iайшата Кадыров Рамзане къинойх цIанвалар а, шен го царех цIанбар а, халкъ маьрша даха дитар а доьхуш вацапехула даржийна къамел бакъдерриг дара.

Иза цул тIаьхьа схьа а карийна, аьллачунна тIераяккха, телевизионехула барт-хаттаме Кадыровс ялор, ярташкахь оцу зудчунна неIалташ бахийта нах вовшахбеттар харцо ю, аьлла цIерачу къоманна орцахбевлира Европера нохчий.

Церан этIачу дагтIе туьха таса санна дара эвтарара Дикаев Адам, Путин Владимирна иза лийна аьлла, тIера хеча а яьккхина интернетехула гайтар.

Австри - Нохчийн протестан гулам, ГIура-бутт, 2015

Австри - Нохчийн протестан гулам, ГIура-бутт, 2015

Ша-ша вист мел хиллачу Еврорпехь вехачу нохчочунна дуьхьал шен телевизионехула жоп делла а ца Iийна Кадыров Рамзан. Цо, хуьлда иза Ичкерин заманарчу политикера вевза Ахьядов Iиса, я президентан Масхадов Асланан администрацин куьйгалхо Баталов Апти – шега вист мел хилларг гез а вехира, цу тIе шена реза мел воцчу европерчу нохчочун гергарчаьрга ша жоп доьхур ду а аьлла.

Кадыров Рамзана алкоголик, къаьркъан кад а вина вийцира Соьлж-ГIалахь гулбеллачу кегийрхошна хьалха Баталов Апти.

Иза Лондонехь веха. Цуьнца зIенехула Кадыров Рамзанах а, цо нах бехбеш дечу къамелех а дийцира оха.

Австрехь, Венехь шена дуьхьал гуламашка бевллачу нохчашка, аьлча а, церан гергарчаьрга ша доьхур ду бохуш лаьтташехь, ши-кхо де хьалха изза митинг хIоьттира Ослохь – Норвегин коьртачу шахьарахь.

ХIун бахьана дара иза хIоттор. Кадыров Рамзана туьйсучу кхерамах шу стенна ца ийзало бохучу маьIнехь дара Ослора митинг вовшахтоьхначийн декъарчу Гисаев Ахьмадца, бакъоларъярхочуьнца тхан рогIера къамел. Иштта хилира иза.

Шеко яц, Венера я Ослора нохчий цхьалха бац Кадыров Рамзанан ражо-гоно нохчашна тIехь леладе олалла маьттаза а, къиза а хетарца. Кхин а, кхин а хезар ю резабоцучийн цIерш.

Массарна дуьхьал латталуррий-те Кадыров Рамзан а, цуьнан Кремло хьанбина го а? Хьан – мила къарво боху хаттар ду кIира кIиране мел долу кхуьуш, ирлуш, эккха санна, десташ.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG