ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу «шолгIачу тIамо» шелбира Оьрсийчоьнан регионашна шайнна бовла лаам. Амма хIинца юха а сепаратизман хьу пачхьалкхехь гIаттораш нисло гIезалой. Проблема Маршо Радионо йийцарейира Казанерчу Iилманчица, динан талламчица Сулейманов Раисца.

ГIезалойчоь юьсуш ю хIинца а, массо а хьелашка ахь ладоьгIча, хьалхалерра маршоне безам лаьтта мохк а хилла.

«Безам» бохург тIех дестийна нислахь а, Кремлера цхьацца хьаькамаша къадочу гIайгIане ладоьгIча, маьршадала лаам дерриг а къомехь богу олий кхетало хьал.

Цкъа меттан проблемехула гучуйолу гIезалойн сепаратизм – латинице шаьш ца бовлуьйттушехь, цунна тIе къар ца луш гIертар шаьш шайнна кхоьллинчу интернетан хьостанехула-доменехула.

...Ша домен кхоллар а ларабеза сепаратизман боккха толам. ГIезалой деккъа цхьа къам ду Оьрсийчохь шайн интернет-бахам болуш, яц церан сайтийн «ру» цIерш - «татар» ю.

Шайн лаьтта бухарчу маьIданаша кхаба таро а ло гIезалошна, уьш нагахь санна шаьш бисича – мехкдаьтта хилла а ца Iа церан бахам.

Хьелаш, дашца аьлча, дерраш а ду сепаратизман хьу ца ерзийта.

Динан талламчас, сепаратизм буххера охкуш, прессехь даима а Iорайохуш вехачу Казанерчу Iилманчас Сулеманов Раиса дийцира Маршо Радионе шен кхетамехь доьхна лаьтта хьал.

Уггаре цунна кхераме хетарг ду Iилманан гIоьнца, леррина кхоьллинчу дешаран курсашкахула, хьукматашкахула сепаратизм гIезалойн националисташа яржош хилар.

Раис Сулейманов: «ТаIаткъамбар пропагандин-агитацин кепашца шорбар, тайп-тайпанчу методикан белхаш баржош, нехан кхетам Москохна, аьлча а, федералан центрна, дуьхьаллатта кечбар, оцу регионашкахь сепаратизм гIаттор ю Iалашо. Иза кхочуш а данделла, центр маллахь, цигара охьахьаьвддачу дотIанаша, шеко яц, йохор ю пачхьалкх, регионаш къаьстар ю Оьрсийчоьнах.

Регионалан сепаратизм кхиорехь масалш а ду вайн регионийн массех. Хьовса вай, иза, масала чергазийн тематика. «Чергазийн хаттар» тIаьххьарчу пхеа шерачохь, масала, Къилбаседа кавказна йоьзначу чоьхьарчу а, арахьарчу а Оьрсийчоьнан политикана проблема а хилла дисина.

Пхи шо хьалха и сепаратизм а кхиира кхузахь кхуьуш ерг санна, чергазийн кегийрхой ГIебарта-Балкхаройчуьра, Кхарачой-Чергазийчуьра, Адыгейра, ишттачу школашка кхайкхаболийра Гуьржийчу, Туркойчуь, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка, Европан мехкашка. Цигахь дуьйцура царна Оьрсийчоьно уьш лолле берзийна, тIамца къарбина,19-чу бIешарахь царна геноцид йина бохуш. ЦIабаьхкича и тайпа ойла оцу кегийрхошка генна дIасаяржайойтура.

Ма-дарра, аьлча, иштта оцу сепаратизман проектехь массо а чергазаша дакъалаца долийна.

Изза хьал латтадо Норвегино Архангелскан кIоштахь поморийн сепаратизм кхиош. И проект мелла а яхлуш ю, амма цо сепаратизман хьу яржайой Оьрсийн Къилбаседанехь гуш-м ду.

Ткъа Сибрехара сепаратизм есташ, кхуьуш юйла Новосибирскан, Красноярскан, Тюменан кIошташкахь – иза-м массарна а ду хууш.

Ткъа кхидIа Оьрсийчоьнан стигала кIел политикан гIурт болалой, цо пачхьалкх юхуче кхачор ю. Доцца аьлча, юхьанца утопи хетта проекташ болх беш хьийза, оцо Оьрсийчоьнан цхьааллина кхерам а бохьу».

Иштта ду Сулейманов Раисна, Кремлан куьг ГIезалойчохь маллуш хилар доггаха ца лалуш хьийзачу гIезалочунна, хетарг. Амма цуьнан даггара нах гIезалошлахь дуккха а белахь а, сепаратизм хилла-лелла оцу къомаца даима а.

Гарехь, тахана рогIера шен мур айбеш а ю иза.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG