ТIекхочийла долу линкаш

Кхин а механа дайлуш ду мехкадаьтта


Кху тIаьхьарчу 11-тта шарахь ца хиллачу кепара лахделла Кхаарийн дийнахь мехкадаьттан мехаш. Брент олучу мехкадаьттан цхьана черман мах бу хIинца 35 доллар, 7 цент. Цхьана дийнахь цу мехкадаьттан мах охьабаьлла 1 доллар 35-тта центана а. Оццула лахара мах хилла бацара цуьнан 2004-чу шеран Товбеца-баттахь дуьйна.

Iамеркехь мехкадаьттан цхьана черман мах бу 35 доллар 9 цент. 2014-чу шеран Мангал-баттахь мехкадаьттан мах бара 115-тта доллар цхьана черманах. Амма Iамеркера даккха атта долу сланецан мехкадаьтта дохкадолар бахьана долуш цуьнан мах охьабала болабелира.

Са ялар лахдалар бахьана долуш алсам даккха дезна мехкадаьтта массо а пачхьалкхан. Саудин Iаьрбин пачхьалкхехь, Iедалша кхелл а йина, шиIатийн имам вийначул тIаьхьа гуш ду уггаре алсам мехкадаьтта духкучу пачхьалкхийн барт хирг цахилар цуьнан мехаш хьаладаха гIортарехь. Мехкадаьтта дайдаларца цхьаьна дайлуш ду Оьрсийчоьнан сом а.

XS
SM
MD
LG