ТIекхочийла долу линкаш

Пхеньяно зарратан бомба зер емалдина дуьненаюкъаралло


Кхиамца шаьш водородан бомба зерах лаьцна дIахьедар дина Кхаарин Iуьйранна Къилбаседа Корейно. И бахьана долуш сихонца дагадовларш долийна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин кхеташоно а, Къилба Корейно а, Японино а. Японин премьер-министро Абэ Синдзос вуно чIогIа емалдина Пхеньяно зарратан бомба эккхийтар, иза шайна кхераме ду аьлла.

Iамеркин администрацино дIахьедар дина Къилбаседа Корейно зарратан герз зер бахьана долуш оьшуш йолу гIулчаш йохур шаьш аьлла. Iамеркин къоман кхерамазаллин кхеташонан векло Прайс Неда дIахьедар дина, шаьш емалдо муьлхха а Дуьненаюкъараллин кхерамазаллин кхеташонан резолюци йохор аьлла.

Къилбаседа Корейно зарратан бомба зер емалдина Британино а. Китай а дуьхьал ю Пхеньяно динчунна.

XS
SM
MD
LG