ТIекхочийла долу линкаш

Къилба Корей а, Япони а ларйийр ю Iамерко


Къилбаседа Корейно кху беттан 6-чу дийнахь заррат бомба зийначул тIаьхьа Къилба Корейн а, Японин а кхерамазалла ларйийр ю шаьш аьлла, дIахьедар дина Iамеркин президенто Обама Барака. Цу хьокъехь Пхеньянана дуьхьал къоршаме жоп луш оьшург дийр ду шаьш аьлла цо.

Пхеньяно заррат бомба зер бахьана долуш дагадовларш дIадаьхьна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташоно а, Къилба Корейно а, Японино а.

Японин премьер-министро Абэ Синдзос вуно емалдина Пхеньяно зарратан бомба эккхийтар, иза шайна кхераме ду аьлла. Къилбаседа Корейно зарратан бомба зер емалдина Британино а. Китай а дуьхьал ю Пхеньяно динчунна.

XS
SM
MD
LG