ТIекхочийла долу линкаш

Саудин пачхьалкх бехке йина ГIажарийчоьно шайн Санара векаллина ракеташ тохарна


Йеменан коьртачу гIалахь Санахь йолчу шайн векалаллина ракеташ тоьхна аьлла бехке йина ТехIрано Саудин Iаьрбийн пачхьалкх. ГIажарийчоьнан телеканалаш дийцарехь, кемано ракеташ а тоьхна чевнаш хилла бу гIажаройн векалалла ларйеш хилла гIаролхой. Иштта IRIB телеканалехь вист хуьлуш ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Ансари Джабера дIахьедар дина, шайн векалаллана дина зе меттахIотто дезарг Саудин Iаьрбийн пачхьалкх ю аьлла.

Reuters агенталлана интервью луш Саудин Iаьрбийн пачхьалкхо куьйгалла дечу коалицин векло хаам бина ГIажарийчоьно дуьйцург толлур ду шаьш аьлла. Цо дийцарехь, Кхаарин буса бакъ долуш коалицин кемано ракеташ тоьхна Санахь. Амма церан Iалашо хилла шиIатийн гIаттамхойн ракеташ хоьцу гIирсаш.

ГIажарийчоьнан а, Саудин Iаьрбийн пачхьалкхан а юкъаметтигаш телхина кху деношкахь саудхоша кхел а йина шиIатийн имам вийначул тIаьхьа.

XS
SM
MD
LG