ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брюсселехь кечдина хила мега Парижера тIелатарш


ДIадаханчу шеран Лахьан-беттан 13-чу дийнахь Парижехь теракташ еш лелйина саьмгар Брюсселехь цхьана петарна чохь латтийна аьлла хета Белгин полицина. Цу чохь таллам беш полисхошна пIелгийн томмагIийн ларш карийна Абдельсалам Салахьан. Иза ву Парижехь теракт йинчу стеган ваша.

Салахь Парижера Брюсселе цIавахана хилла Лахьан-беттан 14-чу дийнахь. Карарчу хенахь иза къайлаваьлла ву. Цул сов, иза ваьхначу петарна чохь цхьацца хIуманаш карийна, бомбанаш еш лелийна йолу.

Цу хьокъехь леррина дIахьедар дина ПIерасакан дийнахь Белгин полицино. Тешаш дийцарехь, Брюсселерчу петарна чохь бехаш хилла и нах харц кехаташца.

Цу кепара, талламхошна хетарехь, Парижера теракташ цхьана декъана кечйина хилла Бельгехь. Цигахь 10 стаг дIалаьцна ву, Парижерчу тIелатаршкахь дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш.

Парижехь тIелатарш дар бахьана долуш вийна 130 стаг. Дуккха а нах чевнаш хилла бара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG