ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь тоькаца кхачо яр юкъахдаьккхинарш бу Оьрсийчура хIакерш


Украинехь ГIура-баттахь цкъа а цахиллачу кепара шуьйра ток ялар юкъахдаьккхинарг Оьрсийчура "Сэндуорм" (ГIамаран нIаьна) олучу хIакерийн тоба ю аьлла дIахьедар дина кибер таллам бечу Iамеркин ISight Партнерз олучу фирмано.

ISight-на а, кхечу а кибер кхерамамазаллин компанешна а хетарехь, Москох туп тоьхна йолу "ГIамаран нIаьна" тоба йоьзна ю Оьрсийчоьнан Iедалшца. Цу тобано лелош ю нахана зе деш йолуBlackEnergy олу программаш.

Iамеркин кхерамазаллин агенталлашна хетарехь, цу тайппа тIелатарш дан гIиртина Оьрсийчура хIакерш Iамеркехь а, Европехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG