ТIекхочийла долу линкаш

Ган луучарна схьадаьстинера маьждигаш Францехь


Масийтта бIаь Францерчу маьждиго схьайиллинера Шоьтан дийнахь шайн неIарш, луучунна гайта цу делан хIусамийн дахар. Имамаша дийцарехь, церан акцин Iалашо ю бусулба нахах Францин юкъараллехь йолу бух боцу харц ойла хийца гIортар.

Шо хьалха Шарли Эбдо журналана тIелатар дира бусулба наха. Даханчу кIиранах Лионехь машенна урхалла дон стаг гIоьртира маьждигана хьалха лаьттачу эскархойн патрулана шен машен тIетоха.

ББС-но дийцарехь, и тIелетарш динчул тIаьхьа къам цхьаъ хилла дIахIотта деза аьлла бусулбанаша дина дIахьедар дагадаийта лаьа шена элира Исламехула йолчу Францин кхеташонан куьйгалхочо Кбибеш Ануара.

XS
SM
MD
LG